Зорба » 1алашоне кхачар
16:16
1алашоне кхачар
Хьекъалчина т1евеана цхьа жимстаг:
– Х1ун дан деза ас хьекъале хила?
Хьекъалчас жоп ца делла цунна. Масех дийнахь т1аьхьаваьлла лелла цунна жимстаг шен хаттарна жоп доьхуш. Т1аккха хьекъалчас шена т1аьхьа а х1оттийна, доьдучу хи йисте а вигна, хи к1орга долчче ваьккхина. Белш т1ера а лаьцна, хи буха та1ийнчуьра хьалавалуьйтуш ца хилла хьекъалчас к1ант.
Эххар а куьйгаш малдина хьекъалчас. К1ант жима меттавеъча хаьттина:
– Сан к1ант, хьуо хи бухахь волуш уггар а ч1ог1а сатийсам муьлха бара хьан?
К1анта ойла а ца еш жоп делла:
– Х1аваъ! Х1аваъ! Суна эшнарг х1аваъ дара!
– Цунна дуьхьал ахча, деши, дуьенан сийлалла езарий хьуна, сан к1ант? – хоьттура хьекъалчас.
– Х1ан-х1а, хьекъалан да, суна х1аваъ доцург х1умма а ца дезара, цуьнан бен ас ойла а ца йора, – дара дуьхьал хезнарг.
– Гой хьуна, – аьлла хьекъалчас, – хьайн 1алашоне кхача, хьуна иштта ч1ог1а лаа деза хьекъалча хила. И 1алашо а х1оттийна, цу т1е некъ бан беза ахь. Дийнахь а, буса а хьан дагахь хила еза и. Нагахь, хьекъалча хила ахь иштта къахьегахь, сан к1ант, хьох хир ву хьекъалча.
("Малхбален дийцарш" цикла юкъара)
Къастар: Гоч | Хьовсна: 102 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
avatar