Зорба » Абу Х1урайрас шен ненаца лелийна г1иллакх
17:41
Абу Х1урайрас шен ненаца лелийна г1иллакх
Шен ненаца йолу юкъаметтиг ч1ог1а лераме хилла Абу Х1урайрин, кхоош хилла цо и ч1ог1а.
Х1оразза а, ша чуьра ара мосазза волу, цуьнан не1арехь саца а соций, олуш хилла цо:
– Делера къинхетам хуьлда-кх хьуна, сан нана.
Нанас жоп луш хилла:
– Хьуна а хуьлда-кх, сан к1ант, Делера къинхетам.
Абу Х1урайрас кхид1а а олуш хилла:
– Со жима волуш ахь лелорна, со кхиорна Дала ял лойла-кх хьуна.
Нанас жоп луш хилла:
– Хьо кхиина ваьлча, хьо соьца дика хиларна, Дала къинхетам бойла-кх хьох.
И къамел ша чу мел вог1у а деш хилла Абу Х1урайрас.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 442 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar