Зорба » Абу Х1урайрин до1а
17:39
Абу Х1урайрин до1а
1илма долуш хиларал сов, дика амал йолуш а, ийман долуш а хилла Абу Х1урайра.
Дийнахь марха а кхобуш, буьйса кхоалг1ачу декъе ерззалц сема 1аш хилла и. Т1аккха х1усамнана самайоккхуш хилла 1ибадатна, цул т1аьхьа – йо1...
Цу кеппара, Абу Х1урайрин тхов к1елахь сахиллалц Далла 1ибадат дар хедаш ца хилла.


Шена Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) везарх терра, кхин к1еззиг дезий-те аьлла 1илма а, дешар а дезара Абу Х1урайрина.
Шен берриге а ницкъ цу т1е берзийнера цо.
Зайд ибн Сабита дуьйцура:
– Цкъа со а, Абу Х1урайра а, кхин цхьа накъост а вара маьждигехь Далла хьаставелла, Цуьнга до1а деш.
Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) чу а веана, тхо долчу аг1ор волавелира. Тхайн балхах тхо юкъарадевлча, цо дийхира:
– Юкъах ма дита шайн до1а.
Абу Х1урайрел хьалха тхаьшшинан до1а дан волавелира тхойшиъ, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) т1аьхьара «Амин» а олуш…
Тхойшиъ ваьлча, шен до1а дира Абу Х1урайрас:
– Я Аллах, х1окху сан шина накъоста доьхург а доьху ас Хьоьга, цкъа а дицлур доцу хаарш а доьху…
Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна):
– Амин! – элира.
Т1аккха оха а дийхира Деле цкъа а дицлур доцу хаарш.
Амма Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира:
– Цу т1ехь хьалхе яьккхи шуьгара Даус тайпанах волчу х1окху стага.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 37 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
avatar