Зорба » Абу Х1урайрин хьехар
17:43
Абу Х1урайрин хьехар
Абу Х1урайрас даим а деца-ненаца дика хиларе, гергарлонаш ца хедоре кхойкхура бусалба нах.
Цхьана дийнахь цунна гина новкъа вог1у ши стаг. Къена а, къона а.
Жимахволчуьнга хаьттина Абу Х1урайрас:
– Хьан мила хуьлуш ву и стаг?
– Сан да ву и, – жоп делла къоначо.
– Цуьнан ц1е яккхий, ма кхайкхалахь цуьнга, цул хьалха а ма валалахь, и охьахиъначул т1аьхьа бен охьа а ма хаалахь, – аьлла хьехар дина Абу Х1урайрас.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 597 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar