Зорба » Абу Хурайрин нана бакъдине ерзар
17:36
Абу Хурайрин нана бакъдине ерзар
Даус тайпанах волу цхьа жимстаг шен дерриге а дахар Далла 1ибадат дарна а, Делан Элчанца (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) гергарло лелорна а лерина хилла. Шен 1ер-вахар маьждигехь дина цо, ткъа Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цуьнан хьехархо а, имам а хилла.
Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу хенахь, Абу Хурайрин доьзал ца хилла, цхьа къена нана йоцург. Ж1арашна 1ибадат дечуьра бакъдине ерза туьгуш ца хилла и.
Ненах дукха къахетарна, иза дукха езарна, Абу Хурайрас бакъдине ерза бохуш дехарш деш хилла цуьнга, амма нана ша бохучунна т1ера йолуш ца хилла.
Х1оразза а нана йолчу мел воьду, г1айг1ано лоцуш хилла Абу Хурайрин дог.

Цкъа иштта нана йолчу веанчу Абу Хурайрас юха а дехар дина цуьнга, Дела цхьаъ а веш, Цуьнан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)
бакъвахьара аьлла. Амма нанас юха а т1е ца лаьцна к1ентан дехар, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сийсазвеш дешнаш а аьлла.
Цу дешнаша ч1ог1а дог 1овжийна Абу Хурайрин.

Б1аьрхишца вахара иза Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу.

Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаьттира:

– Х1ун ду хьо холчух1оттийнарг, х1ай, Абу Хурайра?!

Цо жоп делира:

– Саццазза дехарш деш ву со сайн нене, бакъдине и ерза лууш. Амма и т1еерза ца туьгу. Тахана а ас шега и дехар дича, хьоьх лаьцна сийсаза дешнаш эли цо. Дехахьа вайн Деле цуьнан дог к1адде алий…

Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) до1а дира, Абу Хурайрин нана Ислам-дине ерзор доьхуш.
Абу Хурайрас дийцира:

«Со ц1а веъча, не1 йиллина гира суна, 1еначу хин г1овг1а а яра хезаш. Чуваха дагахь ас г1улч йоккхушехь, ненан аз хезира суна:
«Хьо волчохь саца!».
Цул т1аьхьа соьга чу а кхайкхина, элира цо: «Ас тоьшалла до Аллах1 воцург Дела цахиларх, Мухьаммад цуьнан Элча хиларх».

Со юха а б1аьрхишца веара Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу.
Дуьххьара со вог1учу хенахь хилларш г1айг1анан б1аьрхиш хиллехь а, х1инца дерш хазахетаран б1аьрхиш дара.
Ас мохь тоьхна элира:
«Кхаъ бу хьоьга, х1ай Делан Элча! Дала хьан до1ина жоп делла, Абу Хурайрин нана Ислам-дине йирзи…»
Къастар: Гоч | Хьовсна: 493 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar