Зорба » БЕЗ
18:04
БЕЗ
Козлов Сергей
ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ

(БЕЗ)

Сирла суьйре яра гуьйренан хьуьнхахь. Йиш лакха а доладелла, сецира ца девза олхазар а. Хи йисте охьа а хиина, цуьнан эшаре ладегIа елира Пхьагал.
– Хи, хи, хьо стенга доьдуш ду? – хаьттира Пхьагало.
– Цхьана тIулга тIера вукху тIулга тIе а кхоссалуш, уьдуш ду-кх.
«ТIулгаш тIехула. Дика-м ду цунна! – ойла йира Пхьагало. – Со а ядалахьара иштта!» Зингат деара.
– Хьо ма лела? – хаьттира Пхьагало.
– Кеста Iа кхочур ду, ткъа хьо хьуьнхахула лелаш ду?
– Хьашто яра, – элира Зингато. Ведар чохь хи а эцна, дIадоладелира и.
– Собар! Къамел дан деза, – элира Пхьагало.
Зингат сецира:
– Стенах лаьцна?
– Хьуна луъучух.
– Луъурш дуьйцуш Iен йиш яц сан, – элира Зингато. – Хи кхехьа деза.
Зингат дIадахара.
– Дахар ду-кх хIара! – доккха садаьккхира Пхьагало.
– Зингаташ а хи кхехьа дуьйладелла, къамел дан цхьа а вац. Хьалха-м жIаьлинускал дуьхьалкхетий, цуьнца а дуьйцура, хIинца уьш а къайладевлла.
– Соьца къамел дехьа, – элира Безо. Хи йистехь Iуьллура иза. – Со къена ма ю, суна шортта гина.
– ХIун гина хьуна? – хаьттира Пхьагало.
– Стигал, – элира Безо.
– Стигал хьанна ца гина? ХIара ю-кх!
– ХIан-хIа, со цигахь лакхахь ма хилла, – доккха садаьккхира Безо. – Мох бара со езаш. Схьакхочура: «Маршалла, Без!»
– «Маршалла, олура ас, хьо стенгах лелара?»
– «ХIордаца лелара, хинкеманаш тоьттуш».
Иштта дара! Ткъа хьо стенна гIайгIане ю?
– Ца хаьа, – элира Пхьагало.
– Ма дахар дара и! Iуьйранна самаяьлча еригге а хуьн IиндагIехь хуьлура, ткъа лакхахь – малх! Хаза йовхо… Мох схьакхаьчча, самукъне гIовгIа йоккхура оха!.. Ткъа буьйсанна - седарчий. БIаьргаш чу хьоьжура уьш. Цхьа седа безабеллера суна. Баьццара, эсала... И гучуболлушехь, Мох а схьакхочура.
«Яло, Без, седа болчу!»
– «Гена ма ду!» – «Вайна гена дац!» Шен марахь хьалаядайора.
– Ма хаза дуьйцу ахь, Баба, – доккха садаьккхира Пхьагало.
– Дика Iаш дара, Пхьагал. Ткъа дешнаш стенна оьшу? Хьо хIунда ю гIайгIане, къона ма ю хьо?
– Ткъа хIинца стенгахь бу и Мох?
– ТIома лелаш бу. Мох даим а къона бу. Ткъа со къанъелла, охьайоьжна. Хьанна оьшу со хIинца?
– Сагатлой хьан, Баба?
– ХIан-хIа, Пхьагал. Стигале хьоьжу со, хине ладоьгIу, сирла седа гича, Мох дагалоьцу.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 823 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar