Зорба » Цхьа к1еззиг башхалла
12:36
Цхьа к1еззиг башхалла
Малхбален цхьана паччахьна ирча г1ан гина, шен багара ерриге а цергаш цхьаъ цхьанна т1аьххье охьаоьгуш. Цу г1ено кхерийнчу паччахьа, г1енаш туьдург схьакхайкхина. Паччахье ла а доьг1на, дукха г1айг1ане хилла, дийцина г1енаш туьдучо:
– Хаза бац ас хьоьга боккхур болу кхаъ. Цхьаъ цхьанна т1аьххье кхелхаш, хьайн гергарчех хедар ву хьо.
Цу дешнаша оьг1азвахийтина паччахь. Шен г1ан тидинарг набахте а кхоссийтина, кхин кхайкхийтина цо.
Г1ан дуьйцуш ла а доьг1на, к1еззиг ойла а йина, г1ан тидина веанчо:
– Хаза кхаъ бу сан хьоьга! Хьайн массо а гергарчел а дукхавехар ву хьо!
Хазахетар дахьа меттиг йоцчу паччахьа, комаьрша совг1ат дина г1ан бакъахьа аг1ор тидинчунна.
Паччахьан гонехь берш цецбевлла.
– Хьайл хьалха г1ан тидинчо аьлларг ма ду ахь аьлларг а. Цунна та1зар а, хьуна совг1ат а муха дина? – хоьттура цара.
– Охашимма а цхьатерра тидина паччахьан г1ан. И схьааларехь ю башхалла…коьртаниг муьлхха а х1ума схьаалар дац, и аларан кеп ю.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 775 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar