Зорба » Фенька
12:37
Фенька
Пантелеев Алексей Иванович
Сарахь дара х1ара. Диван т1ехь 1ара со, газет а доьшуш. Со воцург чохь цхьа а вацара. Ц1еххьана цхьа г1овг1а хези суна, халла хезаш, коран б1аьрг бетта-кх: т1ак-т1ак, т1ак-т1ак.
«Х1ун ю те и? – ладоьг1у ас. Моза? Х1ан-х1а, моза бац. Чхьавриг? Х1ан-х1а, чхьаьвриг а яц. Дог1а ду те иза? Х1ан-х1а, дог1а хуьлийла а дац…»
Д1ахьаьжи со – гуш х1умма а дац. Ладоьг1у – г1ар-тата а яйна.
Юха а д1атевжи со. Т1аккха юха а: т1ак-т1ак, т1ак-т1ак.
Дан х1ун ду те х1ара?!
И хьал к1орда а дина, газет охьа а кхуссуш, коре вахана арахьаьжча, ши б1аьрг хье т1е бели-кх сан. Самах ду те х1ара я г1енах ду те?! Корехь, эчиган карниз т1ехь лаьтташ…йо1 ю-кх! Х1аъ! Туьйранехь а юьйцу ца хезна йо1 ю-кх….
Уггаре а жимчу п1елгал а жима. Когаш 1уьйра, коч этт1а… туьппалг санна горга, чотка санна д1аса а яхана ц1ен месаш а йолуш.
Схьа ма-гиннехь теша а ца тийшира со и адам хиларх. Цхьа жима экха ду моттаделлера суна и. Х1инццалц цкъа а гина бацара суна ишштат кегий йоь1арий.
Ткъа йо1-м соьга схьа а хьоьжуш, шен г1ора ма-дду коран б1аьргах шен жима бетташ йоллура.
Корах ара хоьтту ас:
– Йо1! Хьуна х1ун оьшу?
Цунна со ца хеза, жоп а ца луш, кора т1е п1елг хьежабо, схьаделла бохучу маь1нехь.
Т1аккха кор схьа а диллина, чуйоуьйту ас и.
– Сонтаниг, корах чу х1унда г1ерта хьо, сан не1 йиллина ма ю.
Дуткъа-дуткъачу озаца жоп ло цо:
– Суна ца хаьа не1арх чуяла.
– Муха ца хаьа?! Корах хаьа, не1арх ца хаьа?!
– Х1а, ца хаьа.
«Ойн, – аьлла виси со, – х1ара х1ун 1аламат ду суна хьошалг1а доьссинарг?»
Цецваьллачу ас кара схьаэцч, ерриг а егош яра и. Кхераелла хилар гуш дара. Кор долчу аг1ор д1ахьоьжура сих-сиха. Билхинчу б1аьргаш чохь х1инца а гуш дара хиш, церг церга т1е ца кхетара.
– Хьо мила ю? – хоьтту ас.
– Со, Фенька ю.
– Мила Фенька?
– Иштта... Фенька.
– Стенгахь 1аш ю хьо?
– Ца хаьа.
– Хьан да-нана стенгахь ду?
– Ца хаьа.
– Стенгара схьаеъна хьо? – хоьтту ас. – Егош ма ю хьо? Шелло?
– Х1ан-х1а, ца шелло. Йовха ю. Ж1аьлеш т1аьхьадевлла, царах кхераелла егош ю.
– Х1ун ж1аьлеш?
– Ца хаьа.
Эццахь кхин са а ца тохаделла, оьг1азе боху ас:
– Ца хаьа, ца хаьа! Хаа мукъа х1ун хаьа хьуна?!
– Со мацъелла, – боху цо.
– Х1а! Иза хаьа хьуна?
Х1ун дийр ду цунна. Маьнги т1е и охьа а хаийна, цигара метах ма яла аьлла, кухни чу ваха со, цунна кхалла х1ума лаха. Сайн дагах, цунна х1ун лур яра те бохуш ойла а еш. Жимчу бошхепа кхехкийна шура а йоьттина, кегий цастарш деш бепиг а хадийна, катлет а аьтта юург вовшахтуьйхи ас.
Сехьа чу ваьлча, гуш яц-кха Фенька. Цецваьлла, мохь туьйхи ас:
– Фенька! Феня!
Жоп ца ло.
Юха а кхойкху ас:
– Фенька! Феня!
Т1аккха цхьанхьара схьахеза х1ара:
– Кхузахь ю со!
Охьа а таь1на хьажча – маьнги к1ел ю.
Оьг1азваха со:
– Х1ара х1ун да дан? Маьнги т1ехь х1унда ца 1а хьо?
– Суна ца хаьа цу т1ехь 1ен.
– Х1ун ду-у-у? Маьнги т1ехь 1ен ца хаьа, маьнги к1ел бен? Хьо саннарг стоьла йистехь 1ен хууш а хир яц?
– Иза-м хаьа суна.
– Т1аккха охьахаал.
Стоьла йисте и охьа а хаийна, г1ант т1е а теттина, цу т1е цхьа барз киншкаш а ехкина меттиг кечйи ас. Мерах хьокху йовлакх хьалха а дихкина, боху ас:
– Яа х1инца.
Ца юу-кх. Мара а лоькхуш 1аш ю.
– Х1ун хилла? – хоьтту ас.
Жоп ца ло.
– Хьо юург йоьхуш ма яра. Яа х1инца.
Ц1арул ц1ий а елла, боху кхуо:
– Кхул мерза х1ума яц?
– Муха кхул а мерза?! Ма баркалла доцуш а ю! Кампеташ еза хьуна?
– Х1ан-х1а, ца еза дера! Ахь х1ун дуьйцу? Уьш а мерза ма ца хуьлу…
– Т1аккха х1ун еза хьуна? Г1уьралг?
– Х1ан-х1а, г1уьралг а мерза ца хуьлу.
– Г1уьралг а мерза яц? Х1ара ду хаза! Т1аккха х1ун еза хьуна?
К1еззиг мара лоькхуш а 1ийна, боху:
– Цхьажимма хьостамий дуй?
– Х1ун хьостамий?
– Аьчкан хьостамий.
Кхеравелла куьйгаш дегадора сан.
– Хьостамий дуу ахь?
– Х1аъ. Суна ч1ог1а деза уьш.
– Кхин х1ун еза хьуна?
– Кхин а маьхкадаьтта а деза, саба а, кехат а, г1ум а, бамба а, цергаш юьлу порошок а, мачех хьокху крем а, сирникаш а…
«Боккъал а луьйш ю те х1ара?! – ойла йо ас. – Боккъал а хьостамий дуу те кхуо?! Цкъа хьажа веза х1ун до».
Пенах болу боккха мекха йиъна хьостам схьа а баьккхина, жимма ц1ан а бина д1акховдий ас.
– Х1ан, баа хьайна.
Буур бац ма моьтту суна. Х1уьмалгаш лелош ю моьтту. Амма со д1ахьаьжна валале, хьостам биъна ели. Бетах мотт а хаькхна, боху:
– Кхин а!
– Х1ан-х1а, диканиг, – боху ас. – Хьостамий кхин дац. Дезахь, х1ара кехат-м ду.
– Схьало.
Кехат дели – дерриг а д1адии. Сирникийн дийнна ботт ели – элп алале д1айии. Бошхепа мехкадаьтта доьтти – иза а д1амели.
Цуьнга а хьоьжуш, корта а лестош 1а со, х1окхунна-м со д1аваа а эхь дац бохуш. Дукха сиха д1аэккхон еза х1ара.
Мехкадаьтта д1амелла а яьлла, бошхепа мотт хьаькхна, бага г1иттон ели: наб йог1уш ю-кх.
Къахийти суна цунах: «Кху 1аьржачу буса мича г1ур ю иза? Ж1аьлеша д1аюур ма ю и цуьрг. Тховса са а да1ийтина, кхана д1айохуьйтур ю ас х1ара». Иштта ойла а йина, мотт тобан вуьйли со. Г1анта т1е г1айба а биллина, цу т1е кхин а жима г1айба билли ас. Т1аккха Фенька д1а а йижийна, юрг1ин метта салфетка теси т1е
– Д1айижа, – боху ас. – Буьйса декъала хуьлда!
Сиха наб кхийти цунна.
Жимма киншка йоьшуш а 1ийна д1авижи со а.
1уьйрана самаволлушехь, сайн Фенька х1ун деш ю хьажа ваха. Цецвели со – г1ант деса ду. Фенька а яц, г1айба а бац, салфетка а… Д1ахьаьжча – сан Фенька г1анта к1ел ю, г1айба цуьнан когаш к1ел бу, салфетка гуш а яц. Фенька сама а яьккхина хоьтту ас:
– Салфетка мичахь ю?
– Х1ун салфетка? – хоьтту цо.
Ас боху:
– Иштта салфетка. Юрг1и метта ас хьуна т1етесна хилла йолу.
– Ца хаьа.
– Муха ца хаьа?
– Баккъал а, хаа ма ца хаьа суна и.
Лаха дуьйли. Со лохуш ву, Фенька суна г1о деш ю. Х1уъу дича а, карош а яц.
Ц1еххьана Фенькас боху соьга:
– Ма леха и. Дагадеа суна.
– Х1ун дагадеа?
– Дагадеа суна салфетка стенгахь ю.
– Стенгахь ю и?
– Ас йиина и.
Оьг1азваханчу ас лаьтах когаш а бетташ боху:
– Гайшик ю-кх хьо! Юзуш а яц! Ахь-м х1ара дерриг ц1а а д1адуур ду!
– Ца хууш йиина ас и.
– Муха «ца хууш»? Ца хууш юу салфетка?
– Буьйсана самаяьлча, мацъъеллера со, ахь суна яах1ума а ца йитинера. Хьан бехк бу-кх и.
Цуьнца къийса ца вала кухни чу ваха со, юучунна кечам бан.
Сайна х1оа а кхаьрзина, кофе а кхехкийна, бепиг т1е налха а хьаькхна юург кечйи ас. Фенькина газет а хедийна, 1ат1ар-саба а аьтта, т1е мехкадаьтта а тоьхна кхача кечби. И шун а дахьаш со сехьаваьлча сан Фенька ю-кх юьхьах гата хьоькхуш йоллуш. И гата дууш ю моттаделла кхеравели со, юха кхийти – юьхь якъош ю.
– Хи стенгара ийцира ахь? – хоьтту ас.
– Х1ун хи?
– Хи. Ахь юьхь муха йилина?
– Ас х1инца а йила а ца йилина юьхь.
– Муха ца йилина? Юьхь якъош ма ю хьо?
– Ас цкъа хьалха якъа а йой, т1аккха юьлу юьхь.
Куьг а ластийна, боху ас:
– Дика ду, охьа а хаий, сихха х1ума яа, т1аккха 1одика а йийр ю вай.
– Муха 1одика йийр ю?
– Иштта. Цхьа а хала х1ума дац и. 1одика йийр . К1ордийна сна хьо. Хьо схьаеъанчу юха д1аг1о.
Елха йолаели сан Фенька. Когах хьерча, дехарш до:
– Ма эккхаехьа со. Со дика хир ма ю. Вон лелар ма яц. Ахь суна юург схьаелчахьана, хьоьга ца хоттуш ас цхьа а хьостам а, нуьйда а юур ма яц кхин.
Къа хийти суна цунах ч1ог1а.
Бераш а сан дацара. Суо 1аш вара. Кхуо х1ун зен дийр ду суна аьлла, ойла а йина, йита сацам би ас. Т1аьхьа хуур ду-кх дан дезарг а.
– Дика ду. Х1инца т1аьххьара гечдо ас хьуна. Амма хьоьжуш хила-кх…
Оцу сохьта самукъадаьлла хьаьвзира Фенька.
Со балха вахара. Амма балха д1авахале, базара а вахана, ах кийла кегий хьостамий а ийцира. Итт хьостам Фенькина а битина, дисинарш стоьлан г1утакха а дехкина, дог1а туьйхира ас.
Балхахь Фенькех бен ойла яцара сан. Сагатдора. Х1ун деш ю те? Цхьа галдаьлларг данза юй те?
Со ц1а веъча, корехь 1ара сан Фенька, мозий а лоьцуш. Со схьа ма-гинехь хазахетта, куьйгаш вовшах а детташ, кхийсало:
– Ох1, эххар а! Ма хазахийти суна!
– Х1ун хилла? Сагатлора?
– Ма сингаттаме дара! Ч1ог1а сингаттаме дара-кх!
Фенька кара а эцна хоьтту ас:
– Мацъеллий хьо?
– Х1ан-х1а, – боху – цуьрриг а ца мацъелла. Кхо хьостам а бисина сан. «Нагахь кхо хьостам бисинехь, кхин сов х1ума йиъна хир яц кхуо, – ойла йо ас, – дика йо1 хуьлуш ю кхунах.
Дика леларна и хаста а йина, жимма цуьнца ловзуш а 1ийна, сайн г1уллакхаш дан вуьйли со.
Масех кехат дара сан яздан дезаш. Стоьла йисте охьа а хиъна,шекъадуттург схьайиллича – еса ю. Х1ара х1ун ду? Кхолг1а де бен дац-кха ас цу чу шекъа доьттина.
– Фенька! Схьайоьл кхуза!
Едда схьа а еана:
– Х1а? – боху.
– Шекъа мича дахана хаьий хьуна?
– Х1ун хилла?
– Х1умма а. Хаьа хьуна я ца хаьа?
– Ахь дов дийр дацахь эр ду-кх.
– Т1аккха?
– Дов дийр даций ахь?
– Дац.
– Ас д1амелла.
– Муха д1амелла?!! Ахь суна дош ма деллера…
– Ас х1умма а ца яа деллера дош, х1умма а ца мала дош ас ца деллера. Хьан бехк бу и, ахь суна дуьра хьостамий деллера… Цара хьагво…
Х1ун дуьйцур ду ахь кхуьнга?! Юха а со бехке ву!
Ойла йо ас: «Дан х1ун дийр ду те? Дов дича? Х1ан-х1а, дов дарх г1уллакх хир дац. Цхьа х1ума дайта деза кхуьнга. Мукъалла вон лелаш ю х1ара. Г1уллакх дан йоьлча, вон лела хан хир яц».
Шолг1ачу дийнахь нуй д1а а кховдош боху ас:
– Феня, со балха воьду, ткъа ахь г1уллакхаш де: чоь д1а а листа, нуй а хьакха, ченаш д1а а яха. Далур дуй хьоьга и?
Ела а елла:
– Эх1, – боху, – х1ун ду кхузахь хала? Далур ду дера!
Сарахь чувеъча, чохь: ченаш, нехаш, кехаташ.
– Фенька! – мохь туху ас.
Маьнги к1елара схьа а йолий:
– Х1ун хилла? – хоьтту.
– Нехаш д1а х1унда ца яьхна ахь?
– Муха «х1унда»?
– Х1унда ца яьхна бах-кх ас а.
– Стенца йохур яра ас уьш?
– Нораца.
– Нуй бан ма бац.
– Муха бац?
– Иштта. Бац-кха.
– Стенга бахна иза?
Йист а ца хуьлу. Мара а лоькхуш 1а. Т1аккха цхьаъ ц1ена дац.
– Д1абиъна? – хоьтту ас.
– Х1аъ, – боху, – биъна.
Со волччохь г1анта охьалахвели со. Оьг1азваха а дицделла:
– Ахь муха биъна и?! Хьоьга муха баабелла?!
– Суна сайна а ца хаьа айса и муха биъна. Жим-жимма бууш чекхбели-кх и, – кхетий со Фенькас.
– Х1инца ас х1ун дан деза? – боху ас. – Аьчкан нуй эца ас беза?
– Х1ан-х1а.
– Х1ун «Х1ан-х1а»?
– Аьчканиг а буур бу ас.
Жимма ойла а йина боху ас:
– Дика ду. Суна хаьа хьуна х1ун дан деза. Кхана дуьйна ас хьо чамди чу юьллур ю. Чамда-м юур хир ма яц ахь?
– Юур яц, ченах юьзна ю и. Ахь ченаш д1аяха – т1аккха юур ю.
– Х1ан-х1а, – боху ас, – баркалла. Цул а шен ченашца юьтур ю ас и.
Шолг1ачу дийнахь жимчу чамди чу йоьллира ас Фенька. Йоьлхуш а яцара, г1овг1а а ца йора. Сада1а атта хилийта, 1уьргаш даха аьлла дехар-м дира цо.
Тукар схьа а эцна, кхо 1уьрг даьккхира ас чамдина. Х1етахь дуьйна оцу чамди чохь 1аш ю сан Фенька
Йоккха хилла Фенька. Нана-п1елгал хилла йолу, х1инца хьажо п1елггал ю. Х1умма а вон 1аш а яц, мелхо а, дика 1аш ю-кх. Цуьнан ц1а чохь жима кор а даьккхина ас. Жимчу маьнги т1е д1аюьжу, жимчу стоьла йистехь х1ума юу. Цуьнан-м жима-жима а йолуш телевизор а ю
Фенькех шуна къахета ца оьшу. Цул а со волчу хьошалг1а дуьйла, ас йовзуьйтур ю шуна и.

1938-1967
Къастар: Гоч | Хьовсна: 350 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
avatar