Зорба » Г1ала, шахьар, г1азкхи, г1алг1азкхи, оьрси, мечк боху дешнех лецна
17:35
Г1ала, шахьар, г1азкхи, г1алг1азкхи, оьрси, мечк боху дешнех лецна
Г1ала - оьрсийн маттахь "крепость" бохург ю. Ткъа таханна, вай и дош "город" бохучу дашца хийцин. Иза нийса дац.

"Город" бохург вайн маттахь "шахьар" ду, Иорданера нохчаша хинца а иштта олуш ду иза.

Г1азкхи - оьрсаша "казак" олу. Ткъа вайн дай, дуккхох йолу хена, г1азкхишца 1иттабелла бу. Церан юьрташ а хилла вайн юьрташна уллохь, т1емаш а хилла цаьрца, цундера, "оьрси" боху дош к1еззиг даьржина вайн къоман юккъехь.

Г1алг1азкхи - г1алара (из крепости) г1азкхи ву. Г1аланаш т1аман ч1аг1о ян 1алашонашца юттуш хилла. 

Оьрси русский бохург ду.

Охьангахь болчу (равнинные) нохчаша "мечк" олу, хьалар нохчаша "метачка" олу. Хьалар диалектахь и дош герга ду шен маь1аннна. Вайн махкахь баьржина хиллачу г1алг1азкхаша, лерам беш зудчуьнга кхойкхкуш "матушка" олий кхойкхуш хилла, ткъа вай дайшна цара иза шай зударшка иштта кхойкху моьттуш хилла хир ду, цундера, вайна юккъе даьржина маь1на  - "оьрсийн зуда" (русская женщина) ду.  Иса Балаев. http://doshtidar.do.am, 2012 шо
Къастар: Статьяш | Хьовсна: 1171 | Т1едаькхна: Иса_Балаев | Тегаш: шахьар, г1ала, дош, метачка, г1азкхи, Иса Балаев
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar