Зорба » Гоч

« 1 2 3 4 5 6 »
Синбилгало а къастале, Зу-к1орни а, Чайта1 а йолчу еара Пхьагал.
– Х1ей! – мохь хьаькхира цо. – Х1ей! Х1ее-х1е-ей!
– Т1аккха? Дийцахьа, – элира Чайта1о.
– Эх1е-х1е-х1е-х1е! – мохь хьоькхура Пхьагало.
– Схьаалахьа сихха! – оьг1азйоьдуш лаьттара Зу-к1орни.
– Эх1е-х1е ... Д1адеша кхин д1а а... »
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 86 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 09.06.2016 | Т1еаларш (0) ду

Козлов Сергей


– Набаран тар тесначу хенахь, хьайна луъург дуьхьалтасийта йиш ма ю, Чайта1. Ахь дуьхьалтасийтинарг баккъал долуш санна а хир ду. Т1аккха…
– ТIаккха?!
– ТIаккха…
– Схьаалий ялахьа!
– Т1аккха… хеза-кх зевнаш а, аьзнаш а.
Зу-кIорни, ... Д1адеша кхин д1а а... »
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 119 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 09.06.2016 | Т1еаларш (0) ду

Козлов Сергей
Ткъе итт чуьрк хьуьна юккъерчу ирзу т1е сехьа а едда, шайн ч1ондарш лекха х1оьттира. Мархаш т1ехьара схьахьаьжначу батто а, бела а къежаш, шен нека долийра.
«М1у-у-у!..» – хазийра хил дехьарчу атто а. Лета дуьйлира ж1аьла а.
Беттан нур дара лаьтта 1енаш…
Хи ... Д1адеша кхин д1а а... »
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 91 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 09.06.2016 | Т1еаларш (0) ду

Дозаллаш дар ч1ог1а дезаш волчу цхьана хьоладас шен бахамах тамаш байта дагахь, ша волчу кхайкхина цхьа эвлаяъ.
Цхьана чуьра вукху чу а воккхуш, и чоьнаш кхелина болу шен бахам гойтуш, волавелла хьолада.
Т1аьххьара а хаьттина цо:
– Уггаре а ч1ог1а хьо цецваьккхинарг х1ун ду кху ... Д1адеша кхин д1а а... »
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 83 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 09.06.2016 | Т1еаларш (0) ду

Цхьана дикачу стаге хаьттина:
– Ахь нахехь церан кхачамбацарш емал х1унда ца до? Хьо царах х1унда ца кхаьрда?
– И кхачамбацарш сайгахь а долу дела, – жоп делла дикачу стага.
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 72 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 09.06.2016 | Т1еаларш (0) ду

Малхбален цхьана паччахьна ирча г1ан гина, шен багара ерриге а цергаш цхьаъ цхьанна т1аьххье охьаоьгуш. Цу г1ено кхерийнчу паччахьа, г1енаш туьдург схьакхайкхина. Паччахье ла а доьг1на, дукха г1айг1ане хилла, дийцина г1енаш туьдучо:
– Хаза бац ас хьоьга боккхур болу кхаъ. Цхьаъ цхьанна т1аьхх ... Д1адеша кхин д1а а... »
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 90 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 09.06.2016 | Т1еаларш (0) ду

Козлов Сергей

Кхин а жимма 1ийча седарчий летар ду, меллаша текхна гуьйренан аренаш т1ехула схьакхетар бу бутт а. Т1аккха жимма 1ийча, хьуьна юккъе хьожур бу бутт, уггаре а лекхачу базанах а тасабелла, к1еззиг соцунг1а йийр ю. Эццахь гур бу и бутт Зу-к1орнина а, Чайта1на а.
– Хьа ... Д1адеша кхин д1а а... »
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 377 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 26.02.2016 | Т1еаларш (0) ду

Горин Григорий

Ден шовзткъа шо дара, Славикан – итт, зу-к1орнин – кхин а кIеззиг. Куйна чу а йиллина, зу-кIорни йохьуш веана Славик, газет доьшуш волчу дена тIеведда, кийра ца тарлучу хазахетарца мохь бетта хIоьттира:
– Папа, хьажахьа!
Газет охьа а диллина, зу-кIорнига хьа ... Д1адеша кхин д1а а... »
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 353 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 26.02.2016 | Т1еаларш (0) ду

Бераш ловза кечйинчу майданахь иштта сурт гора: къона да вара диъ шо хир долчу шен к1етан тидам беш 1аш. Ловзуш 1ачу к1антана т1е цициг дог1у. Дукха ойла а ца еш, цу беро и цициг, мийра тухий, д1акхуссу. Лазийна цициг д1аделира к1антана уллора.
Да к1антана т1е а вог1ий, дов а ца деш, к1ант че ... Д1адеша кхин д1а а... »
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 387 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 26.02.2016 | Т1еаларш (0) ду

Цхьана комаьршачу стеган лулахь 1аш волчу стеган ков-керт дохка дезаш нисделла.
Хьажа веанчуьнца мах буьйцуш, х1усамдас аьлла:
– Кху ков-кертах лучунна т1е, сан комаьршачу лулахочух а мел ло ахь суна?
Эцархо цецваьлла:
– Дуьйцуш хезна х1ума дац-кха, лулахочух а мах т1етох ... Д1адеша кхин д1а а... »
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 328 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 24.02.2016 | Т1еаларш (0) ду