Зорба » Гоч

« 1 2 3 4 5 6
Спартанцийн къамел доца а, кхеташ а хиларан масал ду Грецин дуккха а шахьарш яьхначу Македонин паччахьа Филлипа Шолг1ачо даийтинчу кехатца:

«Шуна г1оли ду сихха карадахкар, нагахь сан эскарш шун лаьтта т1е довлахь, ас шун бошмаш х1аллакйийр ю, адамех йийсарш д ... Д1адеша кхин д1а а... »

Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 81 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 06.07.2015 | Т1еаларш (0) ду

1аьмаркан яздархочо О. Генрис толам баьккхина уггар а доца дийцар яздаран къовсамехь. Ламасталлин дийцаран хила мел еза коьчалш ю цуьнца – долор, кульминаци, дерзор:
«Шопар цизаьрка а латийна, бензин дуттучу бака чухьаьжира, ягориг мел йисина хьажа. Веллачун ткъе кхоъ шо дара».
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 101 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 06.07.2015 | Т1еаларш (0) ду

Браун Фредерика яздина дуьненчохь уггар а доца, кхераме дийцар:
«Лаьтта т1ера т1аьххьара адам чохь хиъна 1ара. Цхьамма не1 туьйхира…»
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 188 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 06.07.2015 | Т1еаларш (0) ду

Томпкинс Роберт

Эххар а кху къорачу, юьстах лаьттачу юьртахь чекхбелира кхуьнан некъ. Тишачу лаппаг1и чохь ц1ара хьалха хина 1ара Бакъдерг.
Цунна цкъа а ца гинера иштта къена а, ирча а х1ума.
– Хьо – Бакъдерг?
Къеначу, хебаршка ихначо дозалле корта ластийра.
... Д1адеша кхин д1а а... »
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 98 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 06.07.2015 | Т1еаларш (0) ду

Торрес Хоуп Эй

Х1ара бешахь лаьттара, иза ведда шена т1евог1уш гучу хенахь.
– Тина! Сан зезаг! Сан дахаран безам!
Эххара а эли-кх цо и.
– Том!
– Тина, сан зезаг!
– Том, суна а веза хьо!
Том кхунна герга а веъна, голаш а т1е а х1оьттина, сихха х1 ... Д1адеша кхин д1а а... »
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 74 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 06.07.2015 | Т1еаларш (0) ду

Орви Джейн

Рита къиза йийчахьана а Картер кора хьалха 1а. Цхьа а телевизор а, ешар а, кехаташ д1асаяздар а дац. Цуьнан дахар – корерчу бойнех чекхъхьажча гург ду. Цуьнан бала а бац, юург хьан йохьу а, цуьнах мах хьан ло а. Цуьнан дахар – бевдда т1ехлелха физкультурникаш, шеран хенаш хий ... Д1адеша кхин д1а а... »
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 77 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 06.07.2015 | Т1еаларш (0) ду

Конрадеще Барнаби

Хьераяьлча санна машен лаьллина йог1ура иза. Ва Дела, т1екхиийталахь!
Амма лоьран юьхь т1е ма хьаьжжинехь кхийтира и дерригенах.
Елхар иккхира цуьнга.
– Кхетам чохь вуй и?
– Миссис Аллертон, – к1еда элира лоьро, – хьо йоккхаен еза. «Суна еза ... Д1адеша кхин д1а а... »
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 109 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 04.07.2015 | Т1еаларш (0) ду

Ньюэлл Брайан

Ши к1ант д1а а х1оьттина хьоьжуш лаьттара Иблис меллаша генадолуш. Цуьнан б1аьргийн къегаро х1инца а коьрте б1аг1ор хьийзабора цаьршинна.
– Ладог1ахь, цунна х1ун оьшура хьоьгара?
– Сан са. Ткъа хьоьгара?
– Телпо тоха шай. Сихха з1е хьовзон дезаш вара и ... Д1адеша кхин д1а а... »
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 83 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 04.07.2015 | Т1еаларш (0) ду

Хант Эндрю Э.

Дукха хан йоццуш саг1ийна еллачу т1ерг1ан шаршуно цхьа аьхналла лора белшашна, нехаш тосучу яьшки чохь тахана карийначу мачаша когаш ца къуьйлура цуьрриг а.
Урамерчу серлонаша цхьа тайна дохдора боданехь шеллуш хилла са…
Г1алин бешарчу г1ентан сеттина п1енда ... Д1адеша кхин д1а а... »
Къастарш: Гоч | Хьоьвсина: 81 - за | Т1едаьккхина: ppetirova | Терахь: 04.07.2015 | Т1еаларш (0) ду