Зорба » Ирс карор
17:55
Ирс карор
Цхьана дийнахь паччахьо аьчга-пхьере хаьттина:
– Муха ду хьан г1уллакхаш? Болх д1абоьдий?
Т1аккха аьчга-пхьар латкъамаш бан воьлла:
– Х1ай, сийлахь паччахь, ца беза суна х1ара болх. Дукха хала бу, пайда к1еззиг бохьу, и бахьанехь лулахойн а лерам бац соьца. Кхин говзалла езара суна.
Дикка ойла а йина, аьлла паччахьо:
– Хьуна карор а бац хьайн амалца бог1у болх. Хьо малонча волу дела хала бу хьуна и. Хьо б1аьрмециг волу дела ца бохьу цо хьуна пайда. Хьо ц1арна лелаш волу дела бац хьоьца лулахойн лерам. Д1авала сан б1аьргашна хьалхара.
Корта а оллийна, д1авахана аьчга-пхьар. Цхьа шо даьлча, юха а цу к1оштахь нисвелла паччахь. Юха а гина цунна и аьчга-пхьар, амма хьал долуш, ларош, массара а лоруш. Цецваьллачу паччахьо хаьттина:
– Хьо вуй и дахарна реза воцуш хилларг?!
– Со ву. Сайн хьалхалерра болх беш ву со, цу балхо суна пайда а, сий-ларам а бохьу, суна беза а беза и болх. Сайн бохамийн бахьана со суо хиларх кхетта со. Х1инца со ирсе а ву.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 529 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar