Зорба » Къа ца хьегча…
18:00
Къа ца хьегча…
Дас х1ора денна ахча а луш, олуш хилла к1анте:
– Х1ан, к1ант, схьаэца х1ара ахча, 1алаш а де.
К1анта и ахча хи чу кхуссуш хилла. Дена и гучудаьлла, амма к1анте х1умма а ца аьлла. Деш-дуьтуш а доцуш лелаш хилла к1ант, мерза молуш, хьена дууш. Дас цхьана дийнахь шен гергарчаьрга аьлла:
– Нагахь сан к1ант шайга ахча деха ваг1ахь, ма лолаш цуьнга ахча.
Т1аккха шен к1ант схьа а кхайкхина аьлла:
– Вало, к1ант, айхьа ахча даккха хьажа. Ахь даьккхинарг муха ду хьовсур ду вай.
Гергарчаьрга ахча деха вахана к1ант, амма цхьамма а ца делла. Дан х1ума а ца хилла, 1аьржа болх бан вахана. Дийнахь сарралц, когаш а 1уьйра, кира кегош ваьллина к1ант. Цу балхах шена делла сом а дахьаш, да волчу веана.
Дас аьлла:
– Вало, сан к1ант, хи чу кхосса и ахча.
К1ант цецваьлла:
– Дада, ас муха кхуссу и хи чу?! Ас мел бала хьегна ца хаьа хьуна и даккха г1ерташ? Сан когийн п1елгаш х1инца а догуш ма ду. Х1ан-х1а, сан куьг айлур дац и хи чу кхосса.
Дас жоп делла:
– Мосазза лора ас хьуна ахча, ахь воьдий и хи чу а кхуссуш?! Суна атта хуьлу моьттура хьуна и ахча? Ас къа а ца хьоьгуш доккху моьттура? Иштта ду-кх, сан к1ант, дуьненан х1ума…ша къа ца хьегча, мах ца хаьа-кх…
("Малхбален дийцарш" цикла юкъара)
Къастар: Гоч | Хьовсна: 614 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar