Зорба » Хьекъале дош
16:16
Хьекъале дош
Хьехам бан веанчу моллина чоь еса карийна, хьалхарчу мог1арехь хиина говраш 1алашйийриг воцург, чохь кхин стаг а воцуш. «Хьехам бан беза те ас я ца беза те», – аьлла ойлане ваьллачу моллас хаьттина:
–Хьо воцург кхузахь кхин стаг а вац, хьехам бан беза ас я ца беза?
Говраш 1алашъечо жоп делла:
– Со мог1арера стаг ву, кху х1уманна кхин генадаьлла хьекъал а дац сан, амма со говраш 1алашъян вахча, цхьаъ йиссалц, вуьйш д1асаевдда карийча а, цунна юург-м ло ас.
И дешнаш дагах кхеттачу моллас шен хьехам болийна. Шина сохьтехь сов дийцина цо, шена а цунах дагна хьаам а хуьлуш. Т1аккха шен хьехам т1е муха эцна, и мел дагах кхетта хаа лууш, хаьттина цо:
– Муха хийти хьуна хьехам?
– Ас хьалха а элира, со мог1арера стаг бен вац, кху х1уманна ох1ла вац. Со говраш 1алашъян веача, цхьаъ йиссалц, ерриг а говраш д1асаевдда карийча, цу цхьана юург ло ю ас. Амма массо а говрана лерина ерг-м ца ло…
("Малхбален дийцарш" цикла юкъара)
Къастар: Гоч | Хьовсна: 106 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
avatar