Зорба » Хьоьх ала дуьсу дош
17:54
Хьоьх ала дуьсу дош
Къона волуш, шен ден цхьана стагаца хилла къамел хезна Абин-Альсарана.
«Айхьа дийриг, ойла а еш, де. Хьо д1аваьлча хьоьх эр долу дош ларде» – хьехар деш хилла цунна и стаг.
«Со велча, сан дахар хедар ду. Цул т1аьхьа суна бен а дац, х1уъу аьлча а», – жоп делла дас.
Абин-Альсарана цкъа а дицлуш ца хилла и къамел. Шен дерриге а дахарехь адамашна дика болх бан хьожуш, царна г1о деш хилла цо. Кхечеран г1айг1а беш ву аьлла г1араваьлла иза. Абин-Альсар д1аваьллачул т1аьхьа дукха г1ишлош йисина, адамийн дахар аттачу даккха цо яйтина йолу.
Шен чуьрта т1е х1ара дешнаш яздайтина цо:
«Хьо велча чекхдолуш долу дахар – ши шай мах боцу дахар ду».
Къастар: Гоч | Хьовсна: 79 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
avatar