Зорба » ХЬОМЕЧУ ХЬУЬНХАХЬ
18:03
ХЬОМЕЧУ ХЬУЬНХАХЬ
Козлов Сергей
ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ

(ХЬОМЕЧУ ХЬУЬНХАХЬ)

Iуьйранна араяьлла Пхьагал гуьйренан хьуьнан хазаллехь тилла лелара.
«Ло деана хила деза дукха хан ю, – ойла йора Пхьагало. – Хьун-м хIинца а йовха а, дийна а ю».
Хьуьнан Дахка дуьхьал кхийтира Пхьагална.
– Хьо ма лела? – хаьттира Пхьагало.
– ХIара хIуо чууьйзуш, кхунах ца Iебаш, лела-кх, – элира Дехко.
– Iаьнна вай дицделла те? – хаьттира Пхьагало. – Массанхьа а деана, хьуьнха ца кхаьчна. – Дицделла хир ду, – аьлла, мекхаш хьадира Дехко.
– Суна хетарехь, – элира Пхьагало. – ХIинццалц а ца деанехь, кхул тIаьхьа а догIур дац и. – Ахь хIун дуьйцу?! – элира Дехко. – Иштта хила ма ца хуьлу. Цкъа а дахана дац Iа петоьхна.
– Нагахь дан а ца дагIахь?
– И хIунда дуьйцуш ду, Пхьагал? Ида, садеIа, кхийсало, кхин цхьана а хIуманан ойла а ма е.
– Со иштта ца хилало, – элира Пхьагало.
– Суна дерриге а хьалххе хаа деза.
– Дукха хиъча, сихха къанлур ю хьо.
– Пхьагалш къан лан а ца ло, – элира Пхьагало. – Пхьагалш къона йолуш ле.
– И хIунда?
– Тхо уьду даим а, кхетий хьо? Тхан дахар идарехь ду.
– ХIи-хIи! – элира Дехко. – Ма дукха ехар ю-кх хьо.
И шиъ ул-улло а хIоьттина доьдура. Хьежарх ца кIордош хаза яра хьун а. ЧIогIа хьоме йолчу цуьнга хьоьжуш, гIайгIа йоьссира Пхьагале а, Дехке а.
– Ахь са ма гатдехьа, – элира Пхьагало.
– Са ца гатдо ас-м.
– Гатдо, суна ган ма го.
– Са-м ца гатдора, жимма гIайгIане ду-кх.
– ДIадер дара и-м, – элира Пхьагало. – Ло деъча, лараш къайлаяха гIерташ, ида дезар ду. Сахилча садаллац и болх бан безар бу.
– ХIунда?
– Сонтаниг! Юур ма ю.
– Нийсса дIа а ца йодуш, юханехьа идал хьо-м, – элира Дехко. –Иштта! – гайтира цо муха яда еза.
– Ма дика а ду! – мохь туьйхира Пхьагало.
Дехкана тIаьххье едира.
– Гой хьуна? – элира Дехко. – ХIинца цхьанна а хьо хIун юа хуур дац.
– Ас… Ас… Ас хьуна хIун Iамор дуй? Ковст яа Iамадай ас хьуна?
– Ас яа ма ца юу ковст, – элира Дехко.
– ТIаккха… ТIаккха… Ас бада Iамадай хьуна?!
– Ца оьшу, – элира Дехко.
– ТIаккха хьуна хIун дика дийр ду ас?
– Цхьа а, – элира Хьуьнан Дехко. – Сан хьехарх хьуна гIо хилахь, дика ду-кх и суна.
– Баркалла хьуна! – элира Пхьагало.
Ела а къежаш, мекхаш а хьедеш, юханехьа едда дIаяхара и. «Ма дика а ду! – ойла йора Пхьагало. – ХIинца со цхьаммо а лоцур яц. Ло диллале, кхин и дика Iамон деза ас юханехьа ида». Шен хьоме хьун мел ю уьдура Пхьагал, нийсса ца йодуш, юханехьа. Iинах чуюссуш, гу тIе хьалайолуш уьдучу цо: «нисло!» – бохуш, ша шега лоьра и. ХIинца кху хьуьнхахь ша цхьанна а карор яц бохучу ойлано хазахетаран бIаьрхи даккхаза а йитира Пхьагал.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 1425 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar