Зорба » Комаьрша лулахо
17:09
Комаьрша лулахо
Цхьана комаьршачу стеган лулахь 1аш волчу стеган ков-керт дохка дезаш нисделла.
Хьажа веанчуьнца мах буьйцуш, х1усамдас аьлла:
– Кху ков-кертах лучунна т1е, сан комаьршачу лулахочух а мел ло ахь суна?
Эцархо цецваьлла:
– Дуьйцуш хезна х1ума дац-кха, лулахочух а мах т1етохар!
Х1усамдас жоп делла:
– Иштта ма ала ахь. Комаьршачу лулахочуьнга кхочуш х1ума дац хьуна. Хьан ах бала д1аайбо ишттачу лулахочо. Амма хьо цуьнан лулахь 1ен хьакъ вац. Ас духкур а дацара хьуна х1ара ков-керт.
И д1адахиъначу лулахочо веана ахча делла кхунна:
– Хьайн хьашташна дохка х1ара ахча ду хьуна, ков-керт д1а ма дохка, – аьлла.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 766 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar