Зорба » Кадиев Руслан. МУОТТ – ХАЛКЪА КХÁНИЕ
11:37
Кадиев Руслан. МУОТТ – ХАЛКЪА КХÁНИЕ

Дукха яздина рог1иерчу зуорбаниехь кху т1аьхьарчу шерашкахь нохчи маттах лаьцна. Дукха дуьйцу нохчи муотт шира а, хьийкъина а, хаза а бу бóхуш. Амма, дийцарал т1иехдаьлла туоделла гуш х1ума дац. Миелхуо а иешна дóг1у.

Нохчи муотт шира хилар туоьшал диеш, массéра кхиетамуо схьалóцур болуш, áрахиецна талламан белхаш бац, эцца шá г1ийла къадинарг, хьахинарг цá лéрича.

Нохчи муотт хьийкъина бáхар а бáхар т1иехь чекх дóлу, тахан яздечáра кхáчуо йийриг цхьа ши б1е дуош бие ца хилча.

Нохчи муотт хаза бу бáхарх ца тоьу – и хаза хилар туоьшална вай дукхах йолчу говзаршкахь, статьяшкахь масална дукха къие хилча.

Муотт бохург доккха х1ума ду. Маттаца хиеруо яьлла стега шие халкъах вýзу уьйр-марзуо г1иелйаларца дуоьзна. Маттуо кхуллу къóман вадд, маттаца хáдабуо стега мах. Маттаци бие бовза йиш яц шие муохк, цуьна хилларг. Ткъа муотт ца хилча къóма хиндерг а дац. Шие маттахь ца 1áмуо г1илкх, ламаст, 1илма къорчун дийцина туьйра ду.

Тáмашие хиетахь а, тиеша ца лаахь а 21-г1а б1é шоа нохчи къóмуо нéна муотт х1óра дийнахь аьлча санна, жим-жимма д1атосуш аьсха биеш дуолади. «Шие чуьрáна» бóху г1óраса маьхза хилар гучдаьлла дукха хан ю. Х1еттие а, цунах куоьрта х1уъал йина и хьиег1уош лиега к1уорда ца доа х1инца а. Сиелхана а, тахна а дá-нáна дуоьзална рицкъа лохуш бу, т1иехь, чуохь кхачуо ян а г1иерта. Дикауониехь хуьлу, хьáша-дá т1е а уоьцу, хьóшалг1а а буоьлху. Хазхиетар, халхиетар – иштта лурж дахаруо кхуоьхьу йоллу исбаьхьал хьуоьгу. Дуоьзалх марзуо иецар а ма луъу ца хуьлу, мýха ца хууш хан д1аяхна карайоа.

Кхузахь , дá-нáна биехках хьалха дáха  г1иертар дац; дуоьзална хьалха цéра диекхар доккха ду. Дуьниенахь хьалха бовлахь а, къиемат дийнахь жуоп а дуоьхур долуш. Áла луург –  дериггие а дех- нéнах дýзуш дац, маттах дерг аьлча х1ета а. Пачхьалкхана ца уоьшу муотт г1иеллуой д1абóлу. Цунна масал дуьниенахь дукха гучдийлана. Пачхьалкхуо кхуллучу хьóлаца нисдоа нáха шай 1иер-дáхар. Иштти бие хуьлийла а дац. Ткъа кхи д1а дерг хабар ду, къамиел дац.

Ца муоьттучул лач даьлла вай махкахь маттах хьакхлуо миел йóг1у áг1уо. 20-30 шоа хьалха áла дара, ярташкахь нохчи муотт хаар, бийцар дика дара аьлла. Тахна-м и сурт нисса юг1аниехьа хийцаделла дóг1у. Г1áлахь нéна муотт хьиехар миелла а кхáчамие ду диешаран хьукматашкахь. Ткъа ярташкара ишкуолиехь нохчи метта сахьташ, дукха хьóлахь, хьанна а кóча тосу.

Масиех б1е шоа хилла ца 1а, массуо áг1уор гиездина, литтана 1илманчаша йóза-диешар нéна маттахь 1áмуор г1уолиехь хилар ч1аг1дина чекхдаьлла. Иштта а чолхие долу йóза-диешар, долчуна т1е а хийра маттахь дуолуоруо галбоккху кхиана бáлаза болу бер кхиетам. Кхи цхьа áкхарал ю вай махкахь диенна ч1аг1йел йóг1уш: «Бéри биеша» белхалуоша пхи-ялх шоа кхаьчча а, кхáчаза а бéрашца, цхьацца  тéрахьна лéрана тхьáмаш уоьрси маттахь д1ахьуош. Иза дéра ю уггарие а экамие хéнахь шие нéна маттах бéраш  хиера дáхар, цéра цуьнца хила йиеза хьурматах  баьхна къахкуош, къам х1аллак хиларан ирча лар. Цу балхана синг1éг1а йолуш цхьá а вац тие óли дагдóг1у. Хилча хьокъал болчу хьаькмаша ишттачу хьукматиехь муьлхха тхьáма нéна маттахь бие ма хьойла аьлла дихкина хила ца диезара т1аккха.

Цхьа бахьан дóцуш х1умма а ца хуьлу. Муотт 1áлашбарца, кхиуорца грáфиках дуоьзнарг а к1езга дац. 70 итт шарахь цуо дуккха а иешам а бина, шие метта синие хьаьжна дóцуш  т1еийдина цхьадолу аьзнаша  (ë, ы, щ). И аьзнаш нохчи маттахь дац, уьш вай маттана хьáрам ду. Хьáрамчуна т1екхийдаруо биеркат ца дахьа. Цунах дика буолх бáлахьара 1арбуоша, ингалсша, уоьрсаша, иштта д1а кхиечáра а, шай маттахь дóцу аьзнаш т1еийдина дукхá хан хир яра. Шие метта ваддие хьаьжжина х1уоттина хила йиеза грáфика а, шие метта óзаца нисдиеш хила диеза т1еуоьцу х1óра дуош а.

Нисйина грáфика юкъаяларие ца хьуоьжуш, орфографи бакъиенаш а яра шие метта г1иллакхца ялуор дуолуо диезаш. Уоьрси метта бакъиенаш гуочъиеш йина чалх т1иехь шáрам ба биеза хан гéна яьлла.

Маттана буохамие дерг таханлéра грамматикиехь ламастие дирзина, айпие бакъиенаш ч1аг1ъелла. Иза къóма хиндолчуьна кхиерамие юьхь ю гучъяьлларг, малуо йиеш миел 1и кхуьуш а йóг1у.

Йозаниехь дифтонг ца язъяруо, дéха-дóца аз билгал доккхуш ца хиларуо маттана деъна а, дохьу а зулман чуот яц. Диеша 1éмачу бéруо къаьсттана, дуош шиена ма гарри бие ца дуоьшу, уоьрси маттахь санна. Дифтонг ца язъяруо, дéха-дóца аз билгал ца даккхаруо ишкуолиера бевлчарна а йуоьшуш ницкъ хуьлу. Цундéла а ду нохчи маттахь йиешархуой к1езга хилар.

«Дуош иштта яздарх, диеша иштта диеза» бáхар чекх ца даьлла, и миел дукха дийцарх. Цхьана бакъиена гýрахь, дуош ма-аллара яздаруо бие нисдийр дац метта хьал.

Йуоьшучуьнца уойла ца латйелча кхиетам атта т1аьхьа ца кхуьу.

Кхи сингаттам бóцуш санна, маттахь ч1аг1белла, цхьана хорша бирзина классни гайтамна а кóча баг1на цхьаберш. Цхьа деза дуош Ю классни гайтамиехь áла мегар дац, ДУ áла диеза бóху цхьамма, х1унда аьлча ниех, кхелли, куотам дешни классни гайтамца и нислуо дéла. Цу хьéкъал новкъа вай довлахь ялсмани, нáна, йиша ДУ гайтамие а дóхуш, шайт1а, иблис, г1ам, иштта кхи д1а а, Ю гайтамие сиехьа дáха диезаш ца хуьлу т1аккха.

Хилахь наггахь бие билгал даккхар дóцуш, цхьана бух т1иехь хуьлу нийса дерг. Луъчуххи, муоьттучуххи бух хила йиш яц. Х1ара санна йолчу меттиехь уоьшург шиекуо йоццу дáлина дáлуол хилар ду. И цигахь дац.

Муьлххачу къóма кхáние – тахан кхуьъчу кегирхуойх йуоьзна ю: цáра буьйцучу маттах, цéра г1илкхах, уоьздангаллиех.Цкъа, адам синуойх кхоам ца хиета 1éса 1éдалуо бина 1аткъам бахьниехь, вай халкъуо сийлахь лиелина дукха х1ума дицдина, вадд иешина.

Дуьние миел ду вай х1инца даьржина лиеларх, цкъа схьа ца гулделча а, вéша óрамие юг1а ца хьаьвсича а девр дац. Вайна бусалба а, нохчи а хила  лаахь.

Къастар: Статьяш | Хьовсна: 1903 | Т1едаькхна: Иса_Балаев
Т1еаларш: 6
avatar
1
Маршал ду шуьга!
Кадиев Руслана язбинарг а, балхбинарг а дукха ондда болха а, бала а бу. Дала Вайн Матиаса бала болуш, вайн маттана пайдехь ялуш тойойла вайн пачхьалкхе, уггар хьалха, пачхьалкхаца, т1аккха нахаца доьзна ду шен халкъан Ненан-мотт 1амор а, денбар а, хьехар а.
avatar
2
"аьсха биеш" бохург х1ун Ду?
avatar
3
Русланаца дагвала лаьар Суна, мукъа дифтонгаш язъяхам кхетар со, амма, цу ц1ердешнашна чаккхенгара Н элпа стенна ца яздина те цо,ненаН, халкъаН, пачхьалкхаН бохучу меттехь.
avatar
4
Авторас нийса дуьйцу деррига а. И Вайн хьарам долу элпаш дийцича, Руслана хьахийна долу Ё,Щ,Ы элпаш доцарш а, кхин а Ь,Ъ-хьаркаш а ю вайна хьаште йоцуш. Дифтонгаш д1аяхарцани кхиссана яхийта мегар долуш ю уьш. Вайн маттахь Ь-хьаьрка цхьаннахь а дашехь йог1уш яц, дифтонгашци бен, ткъа Ъ-хьаьрка а оьшуш яц, Цуьнан меттана ' (лекхара ц1оьмалга) яззоран бакъо х1оттийчахьана, масала ЗараЪ - Зара', тилЪелла - тил'елла и.кх.д.. Дифтонгаш бахьан долуш и ши хьаьрчо (Ь,Ъ) ара ца кхиссалахь, Ё,Щ,Ы элпаш д1адаьхча цхьаъа вайна хуьлуш зе доцуш атта далур долуш х1ума ду, уьш юккъехь долуш вайн маттахь элпаш ца хилар бахьан долуш. Ы долуш цхьа дош дац, Ё - долуш масех т1еэцна дешнаш ду, царех Ёлка ду, йолка вайн маттахь База ду, ткъа нагсанна Ё-ца яззош яздан лаахь Йолка яьлчахьана даьлла и. Щ - Щётка, Вайн элпанца Шотка.
avatar
5
Т9 (Т-исс) г1алаташ дайтан соьга, къинт1ера довла.
avatar
0
6
Марша вог1ийла!
Баркалла ду хьуна, кху сайтанца "бала кхачарна" а, кху чу хьажарна а.
Оцу Русланца з1е яц сан...
omForm">
avatar