Зорба » Нана...
17:57
Нана...
Нанас дуьйцу шен к1анте, хьехамаш бо:
Сан к1ант, сан диканиг… хенан йохалла со къанъелла, айса лелочун иэс ца деш гур ю хьуна. Цу дийне вай девлча, суна хан караелахь, соьца собаре хилалахь, соьх кхета хьажалахь.
Куьйгаша аьлларг ца деш, юург т1е1ено со йолахь, сайна т1е бедар юха г1ора доцуш со йисахь, дагалацалахь ас хьо х1ума яа, бедарш т1еюха 1амор, суна а собар караделахь хьайгахь.
Соьх хаза хьожа ца яг1ахь, суна дов ма делахь, дагалацалахь ас хьо ц1ена лелор.
Нагахь ас цхьа хьекъале доцу х1ума деш хьайна гахь, соьх вела ма велалахь, сан б1аьргаш а, кхетам а хилий х1отталахь.
Соьца къамел деш сан къамел текхна хиларх, сан иэс галдаларх, ас ойла меллаша ярх, к1ад ма лолахь, сан дерриге а ирс хьуна уллохь хилар, хьоьца къамел дар ма ду.
Сан когаш г1елбаларх, сан болар галдалахь, хьо соьца к1еда хилалахь, хьо ас куьг лаьцна ког баккха 1амор дагалацалахь. Тахана сан куьг лаца эхь хеташ ма хилалахь, кхана ахь а лоьхур ма ву хьайн куьг лаца стаг.
Хаалахь, со х1инца хьо санна дахарна дуьхьал йоьдуш а йоцуш, 1ожална дуьхьал йоьдуш хилар. Цундела, суна дуьхьал а ца хуьлуш, суна уллохь хилалахь.
Нагахь сан г1алаташ хьуна дагадаг1ахь, хаалахь цкъа а хьуна диканиг бен, вониг суна ца лиънийла.
Хаалахь, ахь суна х1инца дийр долу дика сан г1алаташна гечдар, сан ледарлонаш къайлаяхар дуй. Дала къинхетам бойла хьоьх, хьан ледарлонашна геч а дойла.
Хьан велакъажаро х1инца а хазахетар дохьу суна, со цунах ма яккхалахь. Хьо дуьненчу вог1уш хьуна уллохь хилла со, кху дуьненчуьра со д1айоьдуш хьо а хилалахь суна уллохь.

("Малхбален дийцарш" цикла юкъара)
Къастар: Гоч | Хьовсна: 749 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar