Зорба » "Сан баркалла ду-кх..."
12:41
"Сан баркалла ду-кх..."
Борхес Хорхе Луис
Сан баркалла ду-кх баттана, и бутт хиларна, ч1ерашна – уьш ч1ерий хиларна, мисарболатна – и мисарболат хиларна.
Сан баркалла ду-кх Кихано Алонсона, атта тешачу ешархочуьнца бертахь иза Дон Кихот хилла висарна.
Сан баркалла ду-кх Б1абилан б1аьвнна, вайна меттанийн баш-башхаллаш яларна.
Сан баркалла ду-кх барам боцчу дикаллина, х1авао санна вайн латта дуьзна йолчу, хазаллина а, вайга хьоьжуш йолчу.
Сан баркалла ду-кх цхьана къеначу нах бойучунна а, Кабрера урамехь д1атесна лаьттачу ц1а чохь суна апельсин а елла: «Суна ца деза, цхьаъ куьйгаш ластийна сайн х1усамера д1авоьдуш», – аьлла волчу. Буса шийтта долу хан а яра и, тхойшиъ кхин ган а ца гира.
Сан баркалла ду-кх вайна Одиссея веллачу х1ордана.
Сан баркалла ду-кх Санта-Ферчу диттана а, Висконсинерчу диттана а.
Сан баркалла ду-кх Де Куинсина, опий эшийна я опий бахьанехь Де Куинси хилла волчу.
Сан баркалла ду-кх г1аланашна а, сайна ца гинчу.
Сан баркалла ду-кх суо витинчу зударшна а, айса битинчу зударшна а, ма-дарра дийцича цхьаъ ду-кх и.
Сан баркалла ду-кх бухбацарехь санна со шена чохь вайначу г1анна, серлонашна шайн некъаш ца девзачохь.
Сан баркалла ду-кх цхьана къеначу зудчунна, г1ийлачу озаца 1ожаллин меттахь шена т1ех1иттина лаьттачаьрга: «Парг1ат яла йитийша со», аьлла йолчу, цул т1аьхьа тхуна шегара дуьххьара а, т1аьххьара беза бехкбаккхар хезна йолчу.
Сан баркалла ду-кх нийсачу шина туьрана, Мансильяс а, Борхеса а цхьана латарна кечлуш хийцина долчу.
Сан баркалла ду-кх сайн кхетаман 1ожаллина а, сайн дег1ан 1ожаллина а.
Еккъа есалла йоцург кхин шена х1умма а ца дисинчу стага бен яздойла дац х1ара мог1анаш.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 572 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar