Зорба » ШАЙЦА МАЬРКIАЖЕ ЯИЙТИЙША СОЬГА
18:00
ШАЙЦА МАЬРКIАЖЕ ЯИЙТИЙША СОЬГА
Козлов Сергей
ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ

(ШАЙЦА МАЬРКIАЖЕ ЯИЙТИЙША СОЬГА)
– Пхьагал ю-кх шега вайшинца маьркIаже яийта бохуш.
– Йоьуьйту дера, – аьлла, кхин цхьаъ а дуьйцина гIант лами тIе даьккхира Зу-кIорнис.
– Чуян мегий? – хаьттира Пхьагало.
ЧайтаIо Зу-кIорница къамел дечу хенахь лами уллохь лаьтташ яра и.
– Чуйола, – элира Зу-кIорнис.
Ламеш тIехула хьала а яьлла, лаьтта тесначу горгама тIе когаш хьаьккхира Пхьагало.
– Дикка хьакха ахь! – элира ЧайтаIо. – ЦIано еза Зу-кIорнина.
– Охьахаа мегий? – хаьттира Пхьагало.
– Охьахаа, – элира ЧайтаIо.
Зу-кIорни а, ЧайтаI а хиира охьа.
– Муха юур ю вай маьркIаже? – хаьттира Пхьагало.
Зу-кIорни йист а ца хилира.
– Бодашкахь охьа а хаий, йист а ца хуьлуш Iе, – элира ЧайтаIо.
– Къамелаш дан ца мега? – хаьттира Пхьагало.
Зу-кIорни юха а йист ца хилира.
– Дехьа тIаккха, – элира ЧайтаIо .
– Ас дуьххьара юуш ю маьркIаже, – элира Пхьагало, – цундела бакъонаш ца хаьа. Шу оьгIаз ма гIолаш суна, дика дуй?
– Тхо-м ца дахана оьгIаз, – элира Зу-кIорнис.
– Шуьшиъ маьркIаже яа хиъча, Зу-кIорни, хьан цIенна улло а йогIий, хьуьлла кулла тIехьара схьахьоьжура со. Ма хаза юу-кх цаьршимма и бохуш, хьоьжуш Iара. Ас а яа еза аьлла, едда цIа а яхана, тхов тIера тиша гIант схьа а эцна, охьахиира...
– ТIаккха? – хаьттира ЧайтаIо.
– ХIумма а ца хилира тIаккха. Iаржъелира, – элира Пхьагало.
– ХIан-хIа, ойла йира ас, хIара иштта атта хIума долчух тера дац...хиъна Iерах дIадоьрзуш дац. Кхузахь цхьа кхин хIума ду. Зу-кIорни а, ЧайтаI а йолчу яха еза со. Цаьршимма шайца яийта а ма мега...
– ХIаъ, – элира ЧайтаIо.
– Вай хIинца дIадуьйладеллий маьркIаже яан? – хаьттира Пхьагало.
Меллаша къовлалучу бодане хьоьжуш Iаш йолу Зу-кIорни башха ладугIуш а яцара Пхьагало дуьйцучуьнга.
– МаьркIаже юуш хилча, йиш лакха мегий? – хаьттира Пхьагало.
Зу-кIорнис хIумма а ца элира.
– Лакха, – элира ЧайтаIо.
– Муьлхарг?
Жоп ца делира цунна.
– Самукъанениг лакха мегий? Самукъанениг ца лакхахь, со-м шелло...
– Лакха, – элира ЧайтаIо.
– Ла-ла! Ли-ла! – мохь хьекха йолаелира Пхьагал.
Зу-кIорнин кхин тIе а сахьаьвзира. ЧайтаI а яра бехкалаяхана, ша ялийнчу Пхьагало хIун ду а цахуурш дийцина а ца Iаш, хIинца йиш лекха а йолийна.
Амма ша хIун дан деза ца хууш, Пхьагалца цхьаьна йиш лакха йолаелира ЧайтаI а.
– Ли-ла-ли-ла! – мохь хьокхура ЧайтаIо.
– Ли-ла! Ли-ла! – лоькхура Пхьагало а.
МаьркIаже кIарглуш яра, Зу-кIорнина хала дара кхаьршинга ладегIа.
– Дист а ца хуьлуш Iай вай? – элира Зу-кIорнис. – ЛадогIийша, мел тийна ду!
Зу-кIорни а, ЧайтаI а йист ца хуьлуш, ладоьгIна сецира. Хьуьнхахь а, арахь а гуьйренан тийналло нека дора.
– Ткъа хIинца, – шабаршца хаьттира Пхьагало, – хIинца хIун дан деза?
– Ццц! – элира ЧайтаIо.
– Вай маьркIаже юуш ду? – шабарца хаьттира Пхьагало.
ЧайтаIо корта таIийра.
– Iаржъяллалц хабарш а ца дуьйцуш Iен деза?..
Iаржъелира. Базанийн баххьаш тIехула беттан дакъа гучуделира, цунах Зу-кIорнина а, ЧайтаIна а цхьана мIаьргонна йовхо а кхочуш. И шиъ вовшашка хьаьжира, цу боданехь шаьшшиъ вовшашна елакъежаш а хаалуш.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 574 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar