Зорба » СИНОЙН МОХЬ
16:21
СИНОЙН МОХЬ
Цхьана дийнахь хьехархочо т1едиллина шен дешархошна ц1ена т1оьрмигаш а, картолийн гали а да аьлла.
Т1аккха т1едиллина цо х1оранна а, цу гали чуьра картолаш схьаэца – шайн оьг1азло йолчу х1ора стеган ц1арах цхьацца.
Цул т1аьхьа дешархоша шаьш схьаэцначу х1ора картол т1е шаьш гечдийр дац аьллачун ц1е а, терахь а яздина, и картолаш т1оьрмигаш чуехкина. Цхьадолу т1оьрмигаш ч1ог1а деза а нисделла.
Шаьш доьлх-доьлхуче и т1оьрмигаш леладе аьлла, т1едиллина царна хьехархочо, д1адуьйшуш маьнги улло а х1иттош.
И т1ормигаш текхор даз мел ло, дешархошна хаалуш хилла шайн синоша текхон мохь а.
Яхкаяла йолаеллачу картолийн хьожано а еш хилла новкъарло. Кхарах къехка буьйлабелла нах а.
Дукха хан ца езна бераш кхета, и т1оьрмигаш д1акхийсар г1оли ду, массо а метте уьш шайца текхочул а…
("Малхбален дийцарш" цикла юкъара)
Къастар: Гоч | Хьовсна: 526 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar