Зорба » ТИЙНАЛЛА МУХА ГАЙТА ЕЗА
18:01
ТИЙНАЛЛА МУХА ГАЙТА ЕЗА
Козлов Сергей
ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ

(ТИЙНАЛЛА МУХА ГАЙТА ЕЗА)

– Суна чIогIа деза гуьйренан кхоьлина денош, – элира Зу-корнис. – Малх а кхоьлина хуьлу, гонаха дохк…
– ПаргIат хуьлу, – элира ЧайтаIо.
– Хуьлу. Массо а хIума саца а сецна, лаьтташ санна.
– Стенгахь? – хаьттира ЧайтаIо.
– Ала дашна боху ас. Меттах а ца хьовш, лаьтташ хуьлу.
– Мила?
– Хьо-м кхета йоллуш а яц! Цхьа а.
– Массо а дIа а хIоьттина, меттах а ца хьов?
– ХIаъ.
– Ткъа чуьркаш? Мел тIома йовлу! ЦIаззз! ЦIаззз! – чуьрк Iома муха йолу гойтуш, тIодаш лестон хIоьттира ЧайтаI.
– Чуьркаша кхин а чIогIа, – ала дош лохуш сецира Зу-кIорни, – цара кхин а дика гойту-кх тийналла.
ЧайтаI охьахиира:
– Муха?
Хи тIехуларчу бердаца Iуьлура и шиъ, гуьйренан кхоьлинчу малхехь йохлуш.
Хил дехьа схьагуш хьун яра.
– Хьажал! – Хьала а гIаьттина, едира Зу-кIорни. – Гой хьуна?
– ХIун?
– Хьун меттах ца йолуш?
– ХIан-хIа, – элира ЧайтаIо. – Суна хьо уьдуш го.
– Соьга а ца хьоьжуш, хьуьне хьажал хьо-м! – юха а дIаедира Зу-кIорни. – ХIинца?
– Хьайга ма хьежа боху ахь?
– Ма хьежа.
– Дика ду, – аьлла дIайирзира ЧайтаI.
– Ерриге а дIа хIунда йирзи хьо?
– Ахь хьайга ма хьежа аьлла дела.
– ХIан-хIа, хьо соьга а, хьуьне а хьежа. Со йодур ю, хьун ша йолччохь лаьттар ю. Ас и лаьтташ хилар гойтур ду хьуна.
– Дика ду, – элира ЧайтаIо. – ХIун хуьлу хьожу вайшиъ. – Леррина Зу-кIорнига а хьоьжуш, мохь туьйхира цо:
– Яда!
Зу-кIорни дIаедира.
– Чехка яда! – элира ЧайтаIо.
Зу-кIорни кхин а чехка едира.
– Саца! – мохь туьйхира ЧайтаIо. – Юха дIайолало вайша.
– ХIунда?
– Хьоьга а, хьуьне а цхьаьний ца хьежало со. Хьо цхьа беламе йоду, Зу-кIорни!
– Хьо соьга хьожуш, хьуьне хьожуш, хьежал хьо-м. Со йоду ю, хьун – лаьтташ. Ас и лаьтташ хилар гойту сайн ядарца.
– Яккхий гIулчаш а йохуш, ца ядало хьо?
– ХIунда?
– Хьажахьа ядалой.
– Со кенгуру-м яц?
– Яц дера, амма ахь кегий гIулчаш йохуш, со хьуьне хаьа ма ма ца ло.
– Со муха йоду дац коьрта, кхетий хьо? Коьртаниг – со едча а, хьун латтар ду.
– Дика ду, – элира ЧайтаIо. – ДIаяда!
Зу-кIорни юха а едира.
– ТIаккха?
– Иштта кегийчу гIулчашца гайталур яц, – элира ЧайтаIо. – Иштта кхоссаяла еза! – баккъал а кенгуру санна, кхоссаелира ЧайтаI.
– Саца! – мохь туьйхира Зу-кIорнис. – ЛадогIахьа!
ЧайтаI дIатийра.
– Хезий хьуна мел тийна ду?
– Хеза.
– Нагахь ас мохь тохахь, ас тийналла муха хилла гойтур ду.
– Iа-а-а!.. – мохь хьаькхира ЧайтаIо.
– ХIинца кхийтин хьо?
– ХIаъ! Мохь а бетташ, керча еза! Iа-а-а! – юха а мохь а хьаькхна, IуьнцIалг бира ЧайтаIо.
– ХIан-хIа! – элира Зу-кIорнис. – Ида а уьдуш, кхийсаяла еза. Иштта! – ида йолаелира и.
– ХIан-хIа! – элира ЧайтаIо. – Йодуш, охьакхеташ, хьалагIоттуш, тIома йолуш гайта еза тийналла.
– Муха? – сецира Зу-кIорни.
– Иштта! – аьлла бердах чукхоссаелира ЧайтаI.
– Со а! – аьлла, мохь а тоьхна. ЧайтаIна тIаьххье чукхоссаелира Зу-кIорни а.
– Ла-ла-ла! – мохь беттара ЧайтаIо, юха а бердах хьала а тасалуш.
– Лю-лю-лю! – олхазарех тера лен гIертара Зу-кIорни.
– Iа-а-а-а! – аз ма-доллу мохь беттара ЧайтаIо, юха а чу а кхоссалуш.
Иштта уьдуш, кхийсалуш, мохь бетташ, гуьйренан хьуьнан тийналла гайта гIерташ суьйренга яхара и шиъ.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 714 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar