Зорба » Толамхочун къайле
17:54
Толамхочун къайле
Цкъа цхьа жима самурайн б1о к1елонна т1е нисбелла.
Я йийсаре баха, я х1аллакьхила бен – кхин къастам боцуш. Б1аьхой йиш йоьхна бисна.
Т1аккха баьчча хьалха а ваьлла: «Вай иштта барт бо. Кхаж тосу вай: нагахь аьрзу долу аг1о йожахь – вай т1ом бо. Нагахь важа аг1о йожахь – йийсаре доьлху».
Хьалакхоьссина цо ахча. Саде1ар а тийна ладоьг1уш хилла массо а. Ахча охьадоьжча, баьччин г1оьнчас схьаэцна д1агайтина и – аьрзу долу аг1о хилла йоьжнарг.
Т1аме баьккхийна баьччас шен б1о. Толамца дирзина и тасадалар.
Кхано, баьччига ахча д1алуш, тидам хилла г1оьнчин, и аьрзу шина а аг1ор хилар.

("Малхбален дийцарш" цикла юкъара)
Къастар: Гоч | Хьовсна: 551 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar