Зорба » Воккхачу стеган дийцар...
10:12
Воккхачу стеган дийцар...

1 Хьалха йолург дирша газа елахь а мага, нагахь цо т1аьхьара жа берза бага ца дигахь. 


2 Шен хьерадаьлла ж1аьла х1устдеш верг цу ж1алел а оьшу. 


3 Толам хиллачохь лардина собар, эшамехь сатоха а карор ду шуна. 


4 Нах боцучу нахана кхоаца дог1у къонахчун доьхна де. 


5. Шайн махках хуьлучу т1еман толамал а, мехкан арахьара эшам г1олехь бу шуна. 


6. Т1еман къахьалла шайн доьзалхо т1амо вийначу де-нене хатта.


7 Дела лоьхучунна Иза шен дагчохь карор ву шуна.


8 Кхоьруш долу ж1аьла шен 1индаг1ах а борз тарлой уьду. 


9 Шен къомах йолчу зудчуьнца вехарг шен къоман уьйрашха хедар вац шуна. 


10. Даржан жоьпалла цахуурш дарже х1итточу махкахь сингатам лаьттар бу шуна. 


11 Шен чохь эла воцу доьзалан да, пхьоьханахь а дош дайна хир ву шуна... 


12 Аьрзу лаца стигла хьоьжуш хьаьдда эр бердах дахна шуна. 


13. Шен хенахь т1амна юккъе вала хаар а, шен хенахь цу юккъера вала хаар а толам бу шуна. 


14. Т1еман хьашталла юьйцучунна цу т1амехь вала а хаа деза. 


15 Майрий, зудий д1асакъаьстачохь юьтуш ерг берийн нана хуьлу. 


16 Кху дахаран цхьа а хьесап дацара, нагахь шеца 1ожалла яцахьара...

17.Шайн зударийн дай берш, шайн мехкан а дай хуьлу шуна. 


18 Сонталла кхиссаелла цаьпцалг къеначу лоьмана бага иккхина шуна... 

19. Махках валар валар санна лерина. Ткъа иза ишта цахетарг цу махкара а ца лерина. 

20. Де доьхначу дийнахь ялийна зуда– накъост, де тоьллачу дийнахь ялийна зуда – синкъерам.

21.Къонах шен хене хьаьжна ца хуьлу, къонах замано ша зерца хуьлу...

22. «Маржа-я1, сан йоцу ма1аш», баьхна бах диршано... 

23. Дакъазалла, ехча бен, ца йог1у, д1аэкхийча бен, д1а а ца йоьду... 

24. Уггаре а ч1ог1а ден-ненан дог дохорг – дог доьхна шайн доьзалхо гар ду шуна. 

25. Кху дуьненчуьра эхарте воьду шен майра, Къемат -дийнахь Далла хьалха юьхьк1оме хилахьара, бохург, шена Дела реза волу зуда ю шуна. 

26.Ша-шен дола ца дечу къоманна дола дан кхин къам х1утту... 

27. Къанделчу къомо шен мохк, мотт, амалш хуьйцу. Шен х1у пана доккху. Т1аккха и дуьненчуьра а д1адов... 

28. Шайн лулахой шайна зуламе хилахь, уьш ойлане баха церан лулахошца гергарло тасалаш. 

29. Дахарехь х1ораммо а ша шеца лоьху. Ткъа баккъал а, ша мила хилла цунна хуур дац, цкъа Далла хьалха эхартахь д1ах1оьттича бен.

Амагов Дока

Къастар: Статьяш | Хьовсна: 2003 | Т1едаькхна: Иса_Балаев
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar