Зорба » Зу-к1орни а, Славик а
17:27
Зу-к1орни а, Славик а
Горин Григорий

Ден шовзткъа шо дара, Славикан – итт, зу-к1орнин – кхин а кIеззиг. Куйна чу а йиллина, зу-кIорни йохьуш веана Славик, газет доьшуш волчу дена тIеведда, кийра ца тарлучу хазахетарца мохь бетта хIоьттира:
– Папа, хьажахьа!
Газет охьа а диллина, зу-кIорнига хьаьжира да. Хаза яра зу-кIорни, ирх хьаьвзина мара а болуш. Дена хазахетара к1ант дийнаташца къинхетаме волуш, и ша а вара церан терго леррина еш.
– Ма хаза ю х1ара! – элира дас. – Ч1ог1а хаза ю! Стенгара яьлла хьуна х1ара?
– Уьйт1арчу к1анта елла, – элира Славика.
– Совг1атна елла? – дуьхе кхиа г1оьртира да.
– Х1ан-х1а, хийцина охашимма, – жоп делира Славика. – Цо суна зу-к1орни елира, ас цунна – билет.
– Х1ун билет?
— Лотерейн билет, – аьлла, зу-кIорни лаьтта д1ахийцира Славика. – Папа, кхунна шура еза.
– Собардел цкъа! – элира дас. – Хьуна стенгара даьллера лотерейн билет?
– Ас эцнера, – жоп делира Славика.
– Хьаьнгара?
– Цхьана стагера... Цуьнгахь дуккха а дара. Ткъе итт капеках духкура цо уьш... Хьажахьа, папа, маьнги к1ел яха-кх х1ара...
– Цкъа собардехьа! – синтем байна хьаьвзира да.
Славик шена улло а хаийна, хаьттира:
– Ахь муха ло хьайн билет нехан к1антана д1а? Цунах цхьаъ яьлла хилахь х1ун до ахь?
– Яьлла цунах-м, – элира Славика, зу-кIорнин тидам а беш.
– Муха?! – меллаша хаьттира дас, мер т1е хьацар а тухуш. – Х1ун яьлла цуьнах?
– Холодильник! – велакъежира Славик.
– Х1ун?! – цхьа тамашийна вегон волавелира да. – Холодильник?!.. Ахь х1ун дуьйцу?.. Хьуна стенгара хаьа и?!
– Муха – стенгара? – дегабаам бира Славика. – Со газет т1е хьаьжна. Хьалхара кхо терахь цхьатера дара…дисинарш а… Суна хаа ма хаьа билете хьажа, папа! Со воккха ма ву!
– Воккха?! – мохь белира дега, маьнги к1елара схьаяьлла зу-к1орни цу маьхьаро юха д1а а лачкъуьйтуш. – Воккха?!.. Зу-к1орних холодильник а хуьйцуш?
– Суна, – кхеравелла элира Славика, – вайн холодильник ю, зу-к1орни вайн ян ма яц аьлла, дагадеара суна…
– Д1асаца! – мохь хьаькхира дас. – Мила ву и?! Мила ву и к1ант?! Стенгахь ву и?!
– Дуьхьаларчу ц1ийнехь 1аш ву и, – аьлла, велха волавелира Славик. – Сеня ю цуьнан ц1е...
– Вало! – юха а мохь хьаькхира дас, дерзинчу куьйгашца зу-к1орни схьа а оьцуш. – Вало сихха!!
– Ца вог1у, – велха ийзавора Славик. – Суна ца еза холодильник, суна зу-к1орни еза.
– Лелий вала, – халла бен вист ца хилалора да. – Билет схьадерзалахьара, б1е зу-к1орни оьцур ю-кх ас хьуна...
– Х1ан-х1а... – воьлхура Славик. – Оьцур яц ахь... Сенька лууш а вацара и хийца, ас дехарш а дина, халла хийцира...
– Лелий валал!
Сенин барх1 шо дара. Уьйт1а юккъе а х1оьттина, кхерамца хьоьжура и, цхьана куьйга айвина Славик а волуш, вукху куьйгахь зу-к1орни а йолуш, вог1учу оьг1азечу стаге.
– Стенгахь? – хаьттира дас, Сенина т1е а воьдуш. – Стенгахь ду билет? Зуламхо, хьайн к1охцалш д1а а эций, схьалол билет!
– Дац соьгахь билет! – Сеня вегон волавелира.
– Стенгахь ду и?! – мМохь хьоькхура дас. – Х1ун дина ахь цунах? Доьхкина?
– Кхокха бина ас цунах, – олуш, мара лекха волавелира Сеня.
– Ма велха! – элира дас, парг1ат хила а г1ерташ. – Ма велха, к1ант… Кхокха бина боху ахь цунах? Стенгахь бу и кхокха? Стенгахь?
– Тхов т1ехь, – элира Сеняс.
– Муьлхачу тхов т1ехь?
– Хьуьллехь! – куьг хьажийра Сеняс.
Пальто схьа а яьккхина, кхокха схьаэца хьалатасавелира да.
Бераш г1ад а дахана, хьуьйсура цуьнга.
Тийса а луш, халла тхов т1е кхаьчначу дас, и можа жима «кхокха» схьаийцира. Дог1ано жимма т1ада а бинера и «кхокха». Тхов т1ера охьа а воьссина, билет схьадаьстича, цунна гира, билет ши шо хьалха арахецна хилар.
– Маца эцнера ахь х1ара? – хаьттира цо Славике.
– Шолг1ачу классехь волуш, – жоп делира Славика.
– Талла маца теллина ахь х1ара?
– Селхана.
– Керла тираж ма яц х1ара... – элира дас.
– Ца хилча х1ун ду? – цецвелира Славик. – Терахьаш цхьатерра ма ду…
Вист а ца хуьлуш, дехьа а ваьлла, охьахиира да.
Цуьнан дог чехкка детталора, б1аьргашна хьалха бода х1уьттура… Меллаша корта охьата1ийра цо.
– Папа, – меллаша элира Славика, дена т1е а вог1уш. – Хала ма хетийтахьа хьайна! Сеняс ша иштта а схьало ма боху вайна зу-к1орни…
– Баркалла! – элира дас. – Баркалла, Сеня…
Хьала а г1аьттина, ц1ехьа волавелира да.
Ц1еххьана цхьа ч1ог1а сахьаьвзира цуьнан. И кхийтира, цкъа а юха ца ян и ирсе хан д1аяхана хиларх…зу-к1орнина дуьхьал холодильник а дукха атта луш йолу и ирсе хан…бералла….
Къастар: Гоч | Хьовсна: 779 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar