Зорба » ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ (ГУЬЙРЕНАН МАЬРША МОХ)
12:46
ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ (ГУЬЙРЕНАН МАЬРША МОХ)
Синбилгало а къастале, Зу-к1орни а, Чайта1 а йолчу еара Пхьагал.
– Х1ей! – мохь хьаькхира цо. – Х1ей! Х1ее-х1е-ей!
– Т1аккха? Дийцахьа, – элира Чайта1о.
– Эх1е-х1е-х1е-х1е! – мохь хьоькхура Пхьагало.
– Схьаалахьа сихха! – оьг1азйоьдуш лаьттара Зу-к1орни.
– Эх1е-х1е-х1е-х1е! Х1е-х1ей! Х1е-х1ей! – д1аедира Пхьагал.
– И х1ун ду?
– Ца хаьа, – элира Чайта1о.
Т1емаш девлча санна, уьдура Пхьагал хьуьнхахула, аз ма-доллу мохь а хьоькхуш.
– Цо х1ун до? – хаьттира Тарсало.
– Со кхеташ дац, – элира Зингато.
Пхьагал-м боккха го а баьккхина, юха Чайта1ан кет1а х1оьттира.
– Ахь схьаолу я ца олу? – собар дайнера Чайта1ан.
Пхьагал ц1еххьана саца а сецна, т1аьхьарчу когаш т1е а х1оьттина…
– Алий ялахьа! – мохь белира Зу-к1орнига.
– Ва-к1а-к1а-к1а! – аьлла ела а елла, ког ма-боллу чехка д1аедира Пхьагал.
– Хьекъалх тилла те и, тилла те, тилла те? – ца соцура Ч1ег1аг.
– Хьекъалчохь ю и, хьекъалчохь, хьекъалчохь, – дуьхьал лоьра Хенак1ур.
Еккъа цхьа Пхьагал яр-кха цхьаьнгга а х1умма а ца хоьттуш, ца дуьйцуш, мох санна маьрша, хьуьнхахула хьаьдда лелаш.
– Хьажахьа, – элира Чайта1о. – Суна хетарехь, цунна ша мох бу моттаделла-кх… Цо соьга цкъа ала а ма элира, шех цкъа мох хилча муха хетар дара аьлла.
– Ма хаза хир дара иза, – элира Зу-к1орнис. – Амма Пхьагална дагадог1ур дац-кха ишттаниг цкъа а…
Эццахь г1алат яра Зу-к1орни.
Х1унда аьлча, Пхьагална 1уьйранна дуьйна а тарбеллера шех хьаннашца, аренашца кхерсташ болу гуьйренан маьрша мох.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 80 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
avatar