Коьрта аг1о » Дошам » 1 [ Д1айазде дош ]

1аж

1аж - диттанна т1е болу стом а (яблоко), и 1аж т1еболу дитт а (яблоня).


Стом буьйцучу хенахь - 1ежан, 1ежана, 1ежо, 1еже. Дуккхалин т. - 1ежаш.
Дитт дуьйцучу хенахь - 1ожан, 1ожана, 1ожо, 1оже. Дуккхалин т. - 1ожий.

Элп: 1 | Д1айаздина: Иса_Балаев (31.01.2011) W
Хьоьвсин: 5124 | Т1еалар: 37
Т1еалар: 37
avatar
1
Сан ваша, хьуна Дела реза хуьлда нохчи маттана сагаттадарна. Амма г1алаташ дукха ду, чолхе доцу г1алаташ. Ишколера хьехархочуьнца дагавале а х1ума дехьа. масалла: дитта яздан деза, детта нийса дац. Дала т1аьхье беркате йойла!
avatar
2
Дела реза хийла. Иштта, г1алат гайтича, и доккха х1ума ду...
Баккъалла а, сихвеллачохь, г1алатваьлла хилла со...
avatar
3
ДАЛА хьай некъа т1ехь чекх вала хьуьнар лойла хьуна!
avatar
4
Бено, Дела реза хийла! Хьо юьстаг1 ма латта. Дакъа лаца йиш йолуш ву-хьуна хьо а, нохчий мотт шенаг хеташ мел верг а.
avatar
7
сан ваша, Бено БойсгIир гергара хьо валахь, сан гергара, Едди Беношах ву-кх хьо. БойсгIир сан денде деваша ву
avatar
5
Iаж бу цуьнан диттах а олу вай ..... масла: Iежан хенах ( хIара Iаж бу) шдн вай
avatar
10
Дела реза хийла! Ахьа гайтарца, дешан маь1на нисдина дина
avatar
6
Со йорданера Нохчо ва ... суна Оьрсийн мотт ца хаьа, тIаккха суна чIогIа хала хул кху чуьра Оьрсийн дешнашах кхета ..... цуьнан цхьаъ деш
avatar
9
Ас-Салам 1алейкум, сан ваш! Марша вог1ийла хьо! Боккъалла, ма хаза хийти суна хьо кху дошаме хьажа веанна а, декъахо хилла д1ах1оьттина!
avatar
11
Делера мерза маршалла хуьлда хьуна а, сан ваша. Дала хазахетар ма эша дойла хьуна
avatar
8
Дукха ца лелабо дела, цкъа наггахь зорбан гIалаташ до ас.... нийс-йозан гIалаташ-м ца хила мега сан. ХIетте, бехк ца билар деха ас шуьга шайн гIалаташ кардахь.
avatar
15
Хуьлуш хулу и сан дерг а
Со а к1ел висин вац хьолла... :)
avatar
12
ХIара сайт дукха мехалла ю. Суна а лаар жимма шуьца дакъ лаца амма ахч муха дIадахьийтира ду ца хаь суна. Со Йорданехь Iаьш ву.
avatar
16
Дела реза хийла хьуна! Иштта нийат хиларна а! Хиллачу СССР латтанашкахь болчаргий бен ахьчанца г1о далур ду моьттуш вац со. Ахчанца дерг-м х1ала дацара, альхьамдуЛиллах1, схьалуш Аллах1 Дела ву. Х1ара сайт кхайкхош аса дуккханхьа яздина ("Грозинфо", "Чеченинфо", "Вести Республики", Министерство образования и науки (дешаран а, 1илманан а Министерство), Нохчийн университета Нохчийн меттан кафедре а, иштта кхин а цхьацца сайташка а). Делахь, сан г1алаташ а гойтуш, дешнаш т1еяздеш а... накъости суна новкъа хир бацара.
Хьамид, цкъа х1оккху муьрехь, Иорданера нохчаша алсам т1е тидам бахийтина х1оккху сайтанна. Баккъ ду, Норвегеххьий, Казахстанеххьий йолу нохчийн диаспораш а шайн сайтанашкахь кхайкхош ю х1ара сайт. Ц1еранаш меттах бовлуш бац.
ИншаАллах1, Дала мукъ лахь, сатуьйсу, заман йох1алла, х1алкъо ша х1ара дошам шорйеш, совйоккхуш д1акхоьх1ур ю аьлла.
avatar
13
Сан ваша, Iожан дитт олуш ца хезна суна амма иштта дIа ду цу дашнах лаьцнирг:

Iаж: ЦIердош ду (google translation: существительное)

(дукхаллин Iежаш ду) Iежан Iежана Iежо Iеже
avatar
17
"1ожа к1елла хиина 1аш вар" - цу диттан к1елла 1аш хиллачи олуш ца х1уьлу?
Дешан маь1на къин цкъа а нисдина. Кхин цхьа а вог1ий а хьожур ву вайша, вайшинца дакъа лаца... :)
avatar
14
Iож говр олу вай ... Оьрсех иза муха олу ца хаьа суна амма Гоогало иштта гоч до иза:

каурый
Светло-русый
avatar
18
Х1аъ, х1аъ, нийсо яздо. Кхуза ду и дош.
avatar
19
Сан тобано Йорданехь Нохчийн-Iаьрбийн дошам кечдина. И дошам хIоттош 12 шо делир. Цуьнан чулацам иштта бу:

ХIара дошам хIоттош ас лелийна а, царах пайда эцна а дошамаш ду:

1- Нохчийн-оьрсийн словарь.
А. Г. Мациев. Москва – 1961
2- Оьрсийн-нохчийн словарь.
А. Т. Карасаев, А. Г. Мациев. Москва – 1978
3- Оьрсийн-Iаьрбийн дошам.
В. М. Борисов. Москва – 1967
4- Сравнительно-сопоставительный словарь отраслевой
лексики чеченского и ингушского языков и диалектов.
И. Ю. Алироев. Махачкала – 1975
5- Оьрсийн-английн дошам. Москва – 1989
6- Английн-Iаьрбийн дошам.المورد، منير البعلبكي – بيروت 1977
7- Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам.
З. Д. Джамалханов, И. Ю. Алироев. Грозный – 1992
8- Iаьрбийн-оьрсийн дошам.
Х. К. Баранов. Москва – 1985
9- Iаьрбийн-Iаьрбийн дошам. المعجم الوسيط - القاهرة 1944
10- Чечнско-Русский фразеологический словарь. Грозный - 1992
Байсултанов Дадаш, Байсултанов Дауд

ХIинца Элестронан дошам а ду тхан амма хIици арахецна дац жимма ахч оьшу и гIуллакх кхочуш дан
avatar
20
"Нохчийн-Iаьрбийн Дошам. Йордани - 2006. Ахьмад М. Бати"

И дуй и?
avatar
21
Ду дера. ХIица кхин тодина и. керла дешнаш тIетоьхна. Iожа аьлла дош тIехь, хьо нийса бохуш хилла, Иса. Тхан дошам тIехь хилла иза иштта кица а далош:
Iаж Iожана гена ца бужу لا تسقط الثمرة بعيداً عن شجرتها (Не допускайте падения плодов от нее дерево--гоогал)
avatar
22
Х1аъ. Кица ду из иштт. Ночийн а, оьрсийн цхьа маь1на долуш ду иза. Доьзал шай дайх тера хуьлу бохуш... (1аж - 1ожал гена ца бужу. Яблока от яблони далеко не падает)
avatar
23
This was so hlpeful and easy! Do you have any articles on rehab?
avatar
24
Нахчийн шира дош ду "калака" - "Iаж" бохург ду иза
avatar
25
Ассаламу 1алайкум массарга а, и дошам мичахь карор яр-те, юхкуш юй-те иза?
avatar
26
Ва 1алейкум ас-Салам! Адам, ахь муьлха дошам йуьцу? Иорданерчара йинарг йуьйций?
avatar
27
ХIаъ, юьйцу, интернет чохь цхьанхьа а ца карайо суна и Нохчий-Iаьрбийн дошам
avatar
29
Адам, Иорданера Хьамидца з1ене вала. Цара иза интерчу ца йиллина.
avatar
28
Ассаламу Iалайкум Махкахой!
ХIинцца дукха хан йоццуш нохчийн-оьрсийн, оьрсийн-нохчийн дошамаш тойина аса Abbyy lingvo програмна, цу чохь долу дошамаш:
1. Мациев (че-ру 20 эзар дош)
2. Мациев а Карасаев (ру-че 40 эзар дош)
3. Абу Исмаилов (че-ру 10 эзар дош)
4. Абу Исмаилов (ру-че 9 эзар дош)
5. Арби Вагапов (че-ру 7 эзар дош)
6. Арби Вагапов (ру-че 11 эзар дош)
7. Ораматийн дошам
avatar
30
МашаАллах1, ахь дуккха болх бина! Дала сий дйла хьан!
avatar
31
Ассаламу Iалайкум Iийса! Нагахь хьуна и дошам езахь, аса emailчухула схьайоуьйту хьуна
avatar
32
Ассаламу 1алайкум ,леш болчу Нохчийн шира а оьзда а меттана баала кхочу вежарий!
Кху вайн тишачу,меттан хьолуо саб1арздиначу хенахь,шу санна болу К1ентий карийча сапарг1ат долу сан жимма.Гобаьккхина вайн Наха вайн мотт,цуьнца доьзна вайн шадерриг хьоьшучу хенахь.Кху къоман сица-маттаца бала болуш,эзарнах цхаъ бен воцуш,г1елделла вайн дерригиэ а г1уллакхаш.Цуьнца боьзна болу вайн къоман ондда лаьттина синакхиэтам а.Шуна Аллах1-Дала диканца биэкхам бойла.Соьгахь а ду жимма ширачех дешнаш,сайн бахам хиэташ гулдеш дерш.
Хьамид,со кестта нислахь Йордане ва дагахь вара.Сан хьешашца з1е йайъина кху т1емаша.Хьайна х1орш бовзахь,йа карайахь хаттий,суна кхаьрца з1е-маза(тел-н,емайл,скайп) нисйахьара ахьа,Делера ял хир яра хьуна, Ин ша-Аллах1.
1-ра;Заркъех1 къеда вара иза хьалха,Мухьаммад Камал ву.
2-г1а;Халид ву,Йорданехь г1арваьлла Нохчийн мотт гулбина волчу,1абдул Г1ани к1ант.
Лерамца....
avatar
33
Ва-1алейкум ас-Салам, Абу-Бакр!
Фейсбукчохь сайна воьвзу цхьана-шина нохчийчуьнга йаздина-хьуна аса... Ладуг1ур ду вайшимма, иншаАллах1.
avatar
34
33 Иса_Балаев (Тахана 12:53):
"Ва-1алейкум ас-Салам, Абу-Бакр!
Фейсбукчохь сайна воьвзу цхьана-шина нохчийчуьнга йаздина-хьуна аса... Ладуг1ур ду вайшимма, ин ша Аллах1"


Везчу Дала диканца биэкхам бойла хьуна Иса.Ч1ог1а дика г1уллакх хир дара и з1е карийча.Лерамца...
avatar
35
Абу-Бакр, фейсбукчохь иштт жоп дели:

"1: Мохьаммад Камал Арслан, Дала декъал войл, дика хан ю и д1акхелхан..
2: 1абдул Г1ани к1ант Халид Йорданехь вац, европехь 1аш ву ."

Кхин х1уммаъ хоттий цуьнга?
avatar
36
Дала декъал войла Мухьаммад Камал.Иза ц1ена а волуш дика 1елим Стаг вара.Иса,хала дацахь хатти хьажахьа цу хьайн накъосте ,Европехь волчу Халидца з1е карор ярий тиэ?
avatar
37
Абу-Бакр, йазде соьга i_balaev@st-atagi.ru адрест1е, аса Халида вешин № лур хоьга, Дала мукълахь.
omForm">
avatar