Коьрта аг1о » Дошам » Г1 [ Д1айазде дош ]

Г1азкхи
Г1азкхи - оьрсийн маттахь казак, казаки олу  халкъ.
Элп: Г1 | Д1айаздина: (21.01.2011)
Хьоьвсин: 1172 | Т1еалар: 4
Т1еалар: 4
avatar
1
Керарчу хенахь казакех г1ала-г1азкхи олу. Г1азкхи шираделла тидар ду (суна схьахетарехь) Тахана лоручу динахь г1азкхе аьлча вуьцург оьрси ву
avatar
2
Ахьа нийса яздо...
"Оьрсий" боху дош юкъара долуш ду, "г1азкхи" (казак) бохучух - "оьрси" (русский) хуьлуш ду, ткъа "г1ал-г1азкхи" бохучух - "казак" хуьлуш ду... Иза нийса дац, наханна цахаарца хуьлуш ду иза. Ткъа х1окху дошаман 1алашо, иштта, дешан шен маь1на лардан а, цахуучунна довзийта ма а ю...

"Г1ал-г1азкхи" даше хьажа.

avatar
3
Бехк ма-билла! Аша шиммо а "нах" олу гIазакхех, оьрсех, гIала-гIазакхех. Иза нийса дац! ХIунда? вайн гочдархой (талмаж) болу Iилманчаш, Iаламата галабевлла "люди" боху дош "нах" дашца талмаж а дина. Вайн шира дайша, "нах" олуш хилларш бу, нах-этносан орам болу адмаш, ваьрраш. "Люди" "нах" бац, адмаш, адам ду.
Иштта, готта, политикан Iалашо йолуш ду "оьрсий" боху дош а. "муьжгий" олу дош хийца и дош юкъадаккхарал совнаха, истори къанярца йоьзна Iалашо а ю цу дашца.
avatar
4
Баркалла, со кхийти. Нах боху дош халкъ бохучу дашца хийци.
omForm">
avatar