Зорба » 1илманчин хьехам
11:07
1илманчин хьехам
Карахь хьехаран г1ирсаш а болуш, шен студенташна хьалхах1оьттира профессор. Кхин вистхилар доцуш, схьаэцна деса шиша х1оттийра профессора стоьла т1е. Цкъа хьалха кегийчу овгалех дуьзира цо и шиша.
– Дуьзна дуй х1ара шиша? – хаттар дира цо студенташка.
– Дуьзна ду, – жоп делира цара.
Т1аккха д1авоьлла, т1оьрмиг чуьра схьаэцна, кегий т1улгаш доьхкира шишан чу.
Юха а хаьттира:
– Х1инца?
– Х1инца а дуьзна ду.
Т1аккха схьаэца г1ум йоьхкира цу шишан чу:
– Х1инца дуьзна дуй х1ара шиша?
– Ду!
Юха цу шишан чу кофен куршка йоьттина. Т1аккха дешархой бийлабелла. Церан белар д1атийча, дийцина профессора цуьнан маь1на:
– Шуна беламе хеташ долчу кху х1уманах ас х1инцца кхетор ду шу. Кху шишано вайх х1оранна а дахаран сурт х1оттадо:
1) Овгалш. Цара вайн дахарехь ца хилча йиш йоцу х1уманаш гойту (дин, амалан мехаллаш, г1иллакх, йиш-ваша, доьзал, могашалла, доттаг1ий). Массо а х1ума дайча а, х1ара вай дагардина х1уманаш вайн сица дисахь, вайн дахар сецна дац…
2) Т1улгаш. Цара вайн дахарехь коьрта долчу х1уманийн сурт х1оттадо (болх, ц1а, машен).
3) Г1ум. Г1амаро х1отториг вайн дахарехь коьрта боцчу белхийн сурт ду.
Нагахь санна, вай хьалха шишан чу г1ум йоьхкинехь, т1улгашна меттиг юьсур яцара, я овголшна а. Дукхахьолахь, вайн дахарехь лелаш дерг а ду иза…
Шайн ерриге а хан к1еззиг долчу х1уманашна яйича, коьрта долчунна хан юьсур яц шуна. Дахарехь тидам коьрта долчунна т1ебахийта беза. Шу тешна хилалаш, шайн дахарехь хьалхара меттиг аша коьртачунна д1алахь, к1еззиг долчунна а хан юьсур хиларх. Вай лардан дезарш и коьрта х1уманаш ду…
Иштта дерзийра шен къамел профессора.
Т1аккха цхьана студента куьг а айина, хаьттира:
– Кофех дерг ма ца дийци ахь?
Профессор велакъежира:
– Хазахийти суна, ахь и хаттар дина. Цу кофе куршкица суна билгалдаккха лиънарг, шун дахар мел дуьзна хиларх, цхьа куршка кофе мала хан даим а хир ю шун, бохург дара…
1аьрбийн маттера гочдинарг – Тимералиев Ахьмад
Къастар: Гоч | Хьовсна: 643 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar