18:09 ЗУ-КIОРНИН ЛАМ | |
ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ ЗУ-КIОРНИН ЛАМ Дукха хан яра Зу-кIорнина иштта йоккха стигал ганза. Дукха хан яра иза иштта йогIа а елла Iаза. Хьо хIунда сецна, хьо стенга хьоьжу аьлла шега цхьамма хаьттича, дала жоп а дацара Зу-кIорнин. – Хьо стенга хьоьжуш ю, Зу-кIорни? – хаьттира Тарсало. – ЭхI, – аьлла, тIод ластийра Зу-кIорнис. – ХIун гина хьуна цигахь? – хаьттира Зингато. – Йист а ца хуьлу, – элира Тарсало. – Ойлане яьлла, – аьлла, яппарш а йина, шен гIуллакхе дIадахара Зингат. ХIара хьун а, аре а, хIара гу а шена дуьххьара гуш санна, хийтира Зу-кIорнина. ХIара сурт цкъа а шена гина а доцуш санна хетара. «ХIара муха ду? – ойла йора Зу-кIорнис. – Дукхазза идда-кх со кху некъашкахула, дукхазза яьлла-кх со кху буьххье». Дитташ а дара тамашийна – дайн, чекх са гуш, тийналлех а, синтемах а доьттина. Бераллехь дуьйна ша лелла меттигаш ца евзаш йисинера Зу-кIорни. – ХIара дерриге а суна хьалххе хIунда ца гина хилла те? – бур-бур дора Зу-кIорнис. Хьуьнхахь дисина олхазарш а цхьа башха хетара цунна хIинца. «ХIара хьуна тIехула хьийзарг а Къиг яц, цхьа йоккха Аьрзу ю, – ойла йора Зу-кIорнис. – Цкъа а ца гина-кх суна иштта доккха олхазар». – ХIун деш лаьтта хьо? – хаьттира Зингато. – Ас мел доккха чемхалг дIатакхийна, хIара хIинца а лаьтташ ю! – Новкъарло ма ехьа цунна, – элира Тарсало. – Ойла еш ю иза. – Ойла еш, ойла еш, – дезадора Зингат. – Массо а ойла ян хIоьттича, кху хьуьнхахь хIун хир ду. – Ойла йина ер ю, – элира Тарсало. – Новкъарло ма ехьа. – Дерриге а ду шу малончаш, – элира Зингато. – Вовшийн гIо а ма чIогIа лоцу! – аьлла дIадахара и. Шен дагахь Тарсална баркалла элира Зу-кIорнис, цаьршиннан къамел цхьа геннара схьахезаш хетара цунна, и шиъ мархаш тIехь, ша хIорда бухахь йолуш санна. «Ма дика ю-кх и, – Тарсалан ойла йора Зу-кIорнис. – Хьалха цкъа а ган хIун ца гора те и суна?» ЧайтаI еара. – ТIаккха? – элира цо. – ХIун до вай? Хьуьне а, гуне а, хил дехьа тIомаяьлла лелачу Къиге а хьоьжуш Iачу Зу-кIорнина ца лаьара я жоп дала а, я кхузара охьайосса а… Ша кхуза кхачарх йоккхайина а ца йолуш, баркалле ойланаш йора цо. | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 1947 | |
Т1еаларш: 0 | |