Зорба » Абрамович
15:12
Абрамович
Борхес Хорхе Луис

Кху буса грекийн самукънечу мукъамаша теший тхо, 1ожалла  дахарал а бакъйоцуш хиларх, дег1ах къаьстинчу син даха меттиг цахиларх а. Т1аккха тхо кхоъ ца хуьлу-кх – Кадама Мария, Монет Исабель а, со а – вай диъ хуьлу, х1унда аьлча, хьо а тхоьца ву, Маурисье. Вай хьан могушаллина т1ера чаг1ар молуш ду. Хьан аз а ца тийна, сан белша т1ера хьан куьг а ца шершина. Хьо кхузахь ву – хьо воьлу – ма хаза ду и – 1ожалла яц. Хьо кхузахь ву, уллохь кхин а бу, Уллиса т1екхаччалц белларш а, Уллис ша а, баьхнарш а, баьхна бохуш кхоьллинарш а. Массо а кхузахь бу.  Сан да, нана а, Геракл а, Йорик а. Оццул б1ьастенаш гина, оццул г1аш, олхазарш, оццул киншкаш евзина, оццул денош, буьйсанаш зийна стаг вала муха ле?! Со воьлху, воьлху, х1унда аьлча, сан кхерам б1аьрхишца д1абер болу дела. Цхьа а х1ума яц я цхьа х1ума дац хиндолчунна 1индаг1 дуьтуш бен д1адоьдуш.Кху буса ахь эли соь, Абрамович, дешнаш а доцуш эли, кхечара дезде ма-эццара, вай 1ожалла т1еэца еза аьлла. 

Къастар: Гоч | Хьовсна: 112 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
avatar