Зорба » Абу Х1урайрина 1илма дезар
17:45
Абу Х1урайрина 1илма дезар
Шена санна, массарна а 1илма х1унда ца деза те олий хеташ хилла Абу Х1урайрина.
Цкъа базарна т1ехволуш, адамийн г1овг1а а, девнаш а, дуьненан хьашташа уьш дукха д1алацар а ца лайначу Абу Х1урайрас аьлла:
– Ма миска ду-кх шу, х1ай, нах!
Цара хаьттина:
– Стенгахь го хьуна тхан мискалла, ва Абу Х1урайра?

Цо жоп делла:
– Доькъуш Мухьаммадан хьал ду, ткъа шу кхузахь х1ара г1овг1а еш ду. Шайн дакъа схьа х1унда ца оьцу аша?
– Стенгахь доькъуш ду и?
– Маьждигехь ду, – жоп делла Абу Х1урайрас.
Нах маьждиге сихбелла, ткъа Абу Х1урайра уьш юхабахккалц сецна. Дукха сиха юхабирзина маьждиге баханараш.
– Ва Абу Х1урайра, тхуна ма ца хи маьждигехь доькъуш цхьа а хьал, – бехк баьккхина цара.
Абу Х1урайрас хаьттина:
– Цхьа а ца гира шуна цигахь?

– Цхьаберш ламазаш деш, вуьйш Къуръан доьшуш, бисинарш Дела хьехош нах-м бара цигахь, – жоп делла цара.
– Мисканаш, мисканаш! – мохь баьлла Абу Х1урайре. – И ду-кх и Мухьаммадан хьал.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 20 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
avatar