Зорба » АХЬ МАЛХ ДIАЛАЧКЪИЙЧА, САН САГАТЛО
17:59
АХЬ МАЛХ ДIАЛАЧКЪИЙЧА, САН САГАТЛО
Козлов Сергей
ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ
(АХЬ МАЛХ ДIАЛАЧКЪИЙЧА, САН САГАТЛО)

Лома тIехула дохк а, цIегIа-можа серлонаш а яра. Сарралц ихина догIа сецча, схьахьаьжна малх а лома тIехьа белира.
ЧIогIа хаза дара. И сурт дукха хаза хиларна, Зу-кIорни а, ЧайтаI а йист а ца хуьлуш, цу ломе а хьоьжуш Iара.
Лам-м хийцалора сих-сиха: можа бос аьрру агIорхьа а баьлла, цIегIа бос аьтту агIор баьллера, ткъа сирла-сийнаниг сира-сийначу басе а бирзина, лакхахь бисира.
Зу-кIорнина а, ЧайтаIна а чIогIа хазахеташ ловзар дара хIара: бIаьргаш дIакъовлуш - цхьа сурт хуьлуш, схьабиллича - кхин сурт хIуттуш.
– Сихха схьабелла бIаьргаш, - шабаршца элира Зу-кIорнис. – ЧIогIа хаза ду!
ХIинца можа бос юткъа аса хилла лам мел бу дIасабаьржинера, ткъа цIегIа а, сирла-сийна а беснаш дIадайнера. Дохк лакхахь яра, ломан юкъах дихкина можа доьхка долуш санна а хеташ.
Юха а бIаьргаш дIахьаббира цаьршимма. Цу мIаьргонехь юха схьабиллича, юха а хийцаделла дара сурт. Аьтту а, аьрру а агIор сегаш можа бос а болуш, цIеххьана, аьтту агIор гучубелира цIегIа бос, сийна бос къайлабелира, тIера бIаьрг а ца баккхалуш, хазбелла дIахIоьттира лам.
Зу-кIорнис а, ЧайтаIо а юха а дIа ахьаббина, схьабиллира бIаьргаш: ломана аьтту агIор халла хаалуш цIегIа серло етталора, амма цаьршимма бIаьргаш юха дIахьаббале дIаяйра и серло а.
Инзаре хаза лам бара Зу-кIорнига а, ЧайтаIе а хьоьжург.
ЦIеххьана, шаьшшинга цхьаъ вистхилча санна хийтира Зу-кIорнина а, ЧайтаIна а:
– Шуьшинна хазахета соьга хьоьжуш?
– ХIаъ, – элира Зу-КIорнис.
– Мила? Мила ву вистхилларг? – шабарца хаьттира ЧайтаIо.
– Хаза буй со?
– ХIаъ, – элира Зу-КIорнис.
– Ткъа уггаре а чIогIа хаза маца хета шуьшинна со – Iуьйранна я суьйранна?
Эццахь кхийтира ЧайтаI шаьшшинга луьйш берг лам хиларх.
– Суна Iуьйранна хазахета, – элира ЧайтаIо.
– ХIунда?
– Дийнна де ма хуьлу хьалха…
– Ткъа хьуна, Зу-кIорни?
– Ахь малх дIалачкъийча, сан сагатло, – элира Зу-КIорнис. – Амма суьйренашца хазахета суна хьоьга хьоьжуш.
– ХIунда?
– Сарахь хьоьжучу хенахь, лакхахь лаьтташ санна хета, генна, генна дIа а хьоьжуш.
– Тахана хIун гира хьуна, Зу-кIорни? – хаьттира ломо.
– Тахана малх цхьа тамашийна дIалечкъинера, амма цхьамма дIабаха ца буьтура и, цуьнга хьажа яьллачохь, ас кхин хIуманан ойла а ца йира.
– Ткъа ас…Оха…Цкъа схьабоьллу бIаьргаш, юха дIакъовлу. Иштта ловзу тхойшиъ, – элира ЧайтаIо.
МаьркIажан бодаш сиха букълуш бара. Кхин а Iаржъелча, сийна-баьццара стигал лома тIера хьала а айъелла, гуттар чIогIа къаста болабелира лам.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 109 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
avatar