Зорба » БЕЦАН ГУЬЙРЕНАН ЙИШ
18:06
БЕЦАН ГУЬЙРЕНАН ЙИШ
Козлов Сергей
ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ
(БЕЦАН ГУЬЙРЕНАН ЙИШ)

Шийла а, тийна а дара хьуьнхахь. ЛадуьйгIира Пхьагало – аз а ца хезара. Хин дехьа берда йистехь шен тIаьххьара гIа дегош лаьтта мах доцург, меттахахьовш хIума дацара.
Хи долчу охьайоьссира Пхьагал. Шен деза, таьIна хи меллаша такхийна доьдура хи. Шина кога тIе а хIоьттина, лергаш дIасахьадира Пхьагало.
– Шийла юй? – хаьттира цуьнга Хелиго.
– Бр-р-р! – элира Пхьагало.
– Со а шелло, – элира Хелиго.
– Со а! Со а!
– Мила? – элира Пхьагало.
– Буц.
Пхьагал охьайижира.
– Вай, ма йовха а ю! Ма йовха а ю! Ма йовха а ю!
– Со а йохъе! Со а! Со а!
Пхьагал кхийса а луш, охьа а юьжуш, хьаьвзира. Кхоссалуш, юха беца тIе таьIаш.
– Пхьагал! – гу тIера чу мохь туьйхира ЧайтаIо. – ХIун деш ю хьо?
– Буц йохъеш ю, – элира Пхьагало.
– Ца хеза!
– Буц йохъеш ю! – мохь туьйхира Пхьагало. – Схьайолахьа, цхьаьна йохйийр ю вайшимма!
ЧайтаI гу тIера чуйоьссира.
– Йохъе! Йохъе! Йохъе! – мохь беттара бецо.
– Гой хьуна? – элира Пхьагало. – Шел ма ло и!
Юха а хьала а кхоссаелла, охьайижира и.
– Тхо а! Тхо а!
– Кхуза! Кхуза! – аьзнаш хезара массо а агIор.
– ХIун деш лаьтта хьо? – элира Пхьагало. – Охьайижа!
ЧайтаI охьайижира.
– Ма йовха а ю! ЭхI, ма йовха а ю!
– Со а йохъехьа, ЧайтаI!
– Тхо а! Тхо а!
Пхьагал кхийсалора. ЧайтаI меллаша керча йолаелира.
– Йохъе! Йохъе! Шийла ю! – мохь беттара бецо.
ЧайтаI керчара, Пхьагал кхийсалора. Дукха ца Iаш, йохъелира и аре.
– Оха тхайн гуьйренан йиш лакхий шуна?
– Лакха, – элира Пхьагало.
Буц йиш лакха йолаелира. ЧайтаI керчара, Пхьагал кхийсалора.
– ХIей! ХIун деш ду шу цигахь? – гу тIера чукхайкхира Зу-кIорни.
– Буц йохъеш ду! – мохь туьйхира Пхьагало.
– ХIун?!
– Буц йохъеш ду! – мохь туьйхира ЧайтаIо.
– Шеллур ма ду шу! – кхераелира Зу-кIорни.
Бецан хелигаш шайн дегIан дохалла хьала а нисделла, чIогIачу аьзнашца йиш лакха хIиттира. Хи йистера ерриге а аре яра йиш локхуш.
Дехьа берда йистехь долу тIаьххьара гIа а кхуза схьакхевдира.
Баганан а, базанан мехий а, ур-атталла, гезгана бицбелла бисина сеалар а эшарехь хьаьвзира…гуьйренан бецан тIаьххьарчу эшарехь.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 1160 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar