Зорба » ДАХАРАН НЕКЪАШ
16:20
ДАХАРАН НЕКЪАШ
Малхбален цхьана паччахьна адаман дахаран некъ берриг а бовза лиъна. Хьекъалчас пхи б1е киншка еана цунна. Пачхьалкхан г1уллакхаша хан д1алаьцна волчу паччахьа мелла а дацдина йозанаш да аьлла юхавахийтина и.
Ткъа шо даьлча юхавеана хьекъалча: шовзткъе итт жайна хилла цо деанарг.
Амма оццул дукха жайнаш деша къена хилла паччахь, юха а д1авахийтина цо хьекъалча.
Кхин а ткъа шо даьлла… Къоьжа хьекъалча юхавеана, дерриг а дахаран хьекъал цхьана жайне а дерзийна. Амма паччахь 1ожаллин меттахь хилла.
Т1аккха хьекъалчас цхьана мог1арца довзийтина цунна и: «Стаг дуьненчу а волу, бала а хьоьгу, вала а ле»…
("Малхбален дийцарш" цикла юкъара)
Къастар: Гоч | Хьовсна: 114 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
avatar