Зорба » Доттаг1ий
17:55
Доттаг1ий
Вехаш-1аш хилла ши лулахо. Ло а дохьуш, 1а деана. Цхьа лулахо бел а эцна, ло д1адаккха араваьлла. Лулахо х1ун деш ву те аьлла, цуьнан кет1а б1аьрг тоьхна цо. Ша дукха 1уьйре араваьлла хеташ волчу цунна шен лулахочун ц1ен т1е боьду некъ ц1ена карийна.
Шолг1ачу 1уьйрана кхин а хьалхе араваьлла иза, амма лулахочун керта боьду некъ ц1ена хилла. Изза сурт хилла кхоалг1ачу 1уьйрана а.
Цу дийнахь шаьшшиъ дуьхь-дуьхьал кхетча, хаьттина лулахочо:
– Со мел 1уьйре араваларх, хьан ц1ен т1е боьду некъ ло доцуш, ц1ена хуьлу-кх. Хьо маца лараво и д1адаккха?
Цкъа цецваьлла шолг1а лулахо, юха велавелла:
– Ас-м ца доккху и цкъа а д1а, доттаг1ий лела-кх со волчу даим а, цара датош хир ду-кх и.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 114 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
avatar