Зорба » Дуьне а, вай а
12:05
Дуьне а, вай а
Мацах цхьана заманахь дукха йоккха г1ала йина хилла цхьана паччахьо. Эзарнаш куьзганаш хилла цу г1али чохь, дерриге а пенаш, тхевнаш, ц1енкъа куьзганех йина хилла.
Цкъа цу г1али чу тиладелла ж1аьла иккхина. Д1асахьаьжча, шена гонах дуккха а ж1аьлеш гина. Б1аьрг тоьхначохь гуш дерш уьш бен х1ума а доцуш. Церан дукхаллех цецдаьллачу ж1аьло, царах лардархьама а, уьш кхерон а дагахь к1ецаш йина. Цара массара а дуьхьал изза сурт х1оттийна. Х1инца кхераделла х1ара ж1аьла, лета доладелла. Шен берриге а ницкъ т1ебахийтина, леташ хилла х1ара, амма гонахара эзарнаш ж1аьлеш а хилла х1ара санна, леташ. Х1ара марса мел долу, алсамдолуш хилла церан летар а… 1уьйранна делла карийна и пекъар. Куьзган чохь гуш дерг ша хиларх ца кхеташ, ша-шеца латтийнчу къийсамо г1елдина, сахадийна цуьнан.
Иштта ду-кх х1ара дуьне а, вай а…
Къастар: Гоч | Хьовсна: 1494 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar