Зорба » Гарсиа Маркес Габриэлан 1одикаяран кехат
11:42
Гарсиа Маркес Габриэлан 1одикаяран кехат
Нагахь санна, Дала со бехчалгийн тайниг хилар диц а дина, сан оьмар кхин а жимма яхйича, ас сайна мел хетарг ца ала а тарлора, айса олучун ойла дукха йийр яра ас.
Х1уманаш, церан мехе а ца хьоьжуш, церан ладаме хиларца юстур яра ас.
Наб к1еззиг а еш, сатийсамаш дукха хир бара сан, б1аьргаш д1а а къевлина йоккху х1ора минот а, серло йоцуш йоккху кхузткъа сиконт хиларх кхеташ.
Кхиниш буьйлабелла ца лелачу хенахь а, волавелла лелар вара со, цара наб ечу хенахь а, самавер вара со, кхечара къамел дечу хенахь, ладуг1уш 1ийр вара со.
Шоколадан г1уралгах ма марзо а оьцур яр-кха ас!
Дала сан оьмар кхин а жимма яхйича, духар а хоьржур дацара ас, маьлхан дуьххьара схьакхетачу з1аьнарца г1оттур вара со, дег1 а, са а серлонна доьллуш.
Нагахь сайн кхин а жимма хан хилча, сайн цабезам г1орор бара ас, т1аккха малх схьакхетаре хьоьжур вара.
Седарчийн серлонехь суьрташ дохкур дара ас Гог Вана санна, Бенедеттин байташ йоьшуш, сатийсамашка вер вара со, Серрин йиш сан беттасин илли хилла х1уттур яра. Зезагаш сайн б1аьрхишца 1абор дара ас, церан ирачу к1охцалийн лазам а, патарийн ховхалла а хааялархьама.
Нагахь сан кхин а к1еззиг хан хилча… Ас цхьа а де далуьйтур дацара сайна дукха безачаьрга уьш беза ца олуш. Ас х1ора зуда а, стаг а тешор дара сайн безамах, со безамехь безамца вехар вара.
Ас адамаш тешор дара, къанделча безам д1аболу бохучу т1ехь уьш мел нийса дац. Мелхо а – безам чекхбаьлча къанлуш ду-кх уьш!
Ас берана т1емаш лур дара, цу т1емашца и г1атта а 1амош.
Къаной ас 1амор бара валар къаналлица а доцуш, нахана вицваларца хиларх теша.
Суна шуьгара а ма 1емина дуккха а х1ума, адамаш!
Суна хиъна, х1оранна а лома буьххьехь 1ан лууш хилар, бакъдолу ирс, цу ломара охьавуссучохь шега хьоьжий а ца хууш.
Со кхетта жимчу беро шен жимчу куьйгаца ден куьг дуьххьара схьалаьцча, и гуттаренна а лаьцна хиларх.
Со кхетта, цхьаъ кхечуьнга лакхара охьа, цунна когаш т1ех1отта г1о дан бен хьожийла доций.
Суна дукха х1ума 1емина шуьгара, амма цунах пайда к1еззиг бу, х1унда аьлча, цу хьекъалх т1орказ а дуьзна, со д1авоьдуш ву…
(П.П.)
Къастар: Гоч | Хьовсна: 158 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
avatar