Зорба » Хьайн некъах ма тила
17:52
Хьайн некъах ма тила
Дуьненан дахарх д1а а хервелла, адамашна юьстах 1аш волу веза стаг, юха а адамшна юкъа 1ен схьавеана.
И хабар массанхьа а д1асадаьржина. Цунна т1е дукха нах таттабелла. Х1ора а хилла цунах дагавала лууш, цуьнгара накъосталла оьшуш. Эвлаяа цхьанна а инкарло еш ца хилла, массеран а г1уллакхе хьоьжуш хилла.
Цкъа цхьана дийнахь хьолада веана и волчу, безчу механ поштица, безчу механ духаршца кечвелла. Беркъачу духарца, къоьллехь вехаш волу эвлаяъ гича реза ца хилла и ша беанчу некъана. Цо аьлла:
– Х1ай, ларамениг! Ма вон 1аш ву-кх хьо!
Лерина цуьнга а хьаьжна, эвлаяа жоп делла:
– Къен 1аш ву со, амма вон 1аш вац. Ц1ена некъ а бевзаш, цунна т1аьхьаваза ницкъ а болуш, амма цу новкъа ца воьдург ву вон 1аш…
("Малхбален дийцарш" цикла юкъара)
Къастар: Гоч | Хьовсна: 103 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
avatar