Зорба » Кхетош-кхиоран масал
11:55
Кхетош-кхиоран масал
Бераш ловза кечйинчу майданахь иштта сурт гора: къона да вара диъ шо хир долчу шен к1етан тидам беш 1аш. Ловзуш 1ачу к1антана т1е цициг дог1у. Дукха ойла а ца еш, цу беро и цициг, мийра тухий, д1акхуссу. Лазийна цициг д1аделира к1антана уллора.
Да к1антана т1е а вог1ий, дов а ца деш, к1ант чеха а ца веш, к1ентан б1аьргаш чу а хьоьжуш, хотту:
– Хьо воккха ма ву, вуй?
– Ву.
– Ницкъ болуш а вуй?
– Ву.
– Жима, г1орасиз цициг лаза а деш, ницкъ болуш а, воккха а ву хьо?
– …
– Хьажал, со хьол воккха а, ницкъ болуш а ву. Амма х1етте а хьуна тоха воллуш вац со. Х1унда вац хаьий хьуна? Шел г1ийланиг, г1орасизниг ларван, цунна орцахвала оьшуш бу ницкъ, царна г1ело ян оьшуш бац. Кхийтин хьо?
– Кхийти…
– Стенах кхийти хьо?
– Дика к1ант ву…
Къастар: Гоч | Хьовсна: 393 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
avatar