Зорба » 1арби Вагапов. Нохчийн фольклор – меттан дашо хIонц.
16:15
1арби Вагапов. Нохчийн фольклор – меттан дашо хIонц.

Кху тIаьхьарчу шерашкахь зорбанера араяьлла Нохчийн фольклоран йоьалгIий, пхоьалгIий том. Жоьпаллин редакторо Мунаев ИсмаIала ма-аллара IV том кечйина хилла 1970 шерашкахь Iилманхоша С. Эльмурзаевс, Я.С. Вагаповссий. Амма политикин бахьнашца зорбане ца йоккхуш йисна. Цу тIехь 30 нохчийн шира илли ду. ХIара нохчийн халкъан дашо хазна дIаязйинчу Эльмурзаев Сираждинна а, Вагапов Якъубна а, цул тIаьхьа тIеман заманахь шен сина кхерам боллушехь хIара ларйинчу Мунаев ИсмаIална а Дела реза хуьйла. Кху гIулкхан мехалла хуучаьргара даггара баркалла а, сий-пусар а ду-кх царна.

Иллин чулацамех, церан лаккхара поэзин исбаьхьаллех я кхачамбацарех охIалболчара эр ду, ткъа тхуна кIеззиг иллин шира лексикех ала лаьа. Книгин чаккхенгахь цхьадолчу шира дешнийн маьIнаш далийнехь а, тхуна хетарехь и гулар дуккха а алсам яккха еза, хIунда аьлча таханлера ешархо нохчийн маттах хала кхета. Бакъ культурина, оьздангаллина генадулуш ду дуьненара адам, башха царал тIаьхьабуьсуш нохчий а бац. Тахана вайн оьздачу, ойлайойту иллига ладогIаран метта чу бат а йиллина, шайтIан фабрикей («Фабрика звезд») я шайтIан сериалашкий хьуьйсуш ду вай. Ткъа хIун хьекъал, хIун иман, хIун гIиллакх-оьздангалла, хIун дайх дан дозалла хир ду телевизорх Дела а вина хьалакхианчуьнан?! Цхьаболчарна чIогIа моттаделла Далла хьалха дала деза жоп шайн меттана Iедало лур ду, я дуккхамо а дира изза аьлча, шайна гIоле ер ю. ХIа-хIа, цхьадика жоп «цигахь» хIораммо а шб лур ду. Нохчийн мотт АллахI-Дала иманах, исламах, эхь-бехках хоттийна, иэбина бу, цундела нохчийн мотт хьоьхурш ислам дин лардеш бу, ткъа цхьацца диканиг луурш а хуьлуш, шо-шаре мел дели, нохчийн мотт хьехар гатдийриш ислам динна дуьхьал бу. ХIунда аьлча нохчийн меттан са гIелдаларцбна иманан са а гIеллур долу дела.

Мотт бицбалар уггар хьалха дешнаш дицдарна тIера дIадолалуш ду. Таханлерачу дийнахь программин говзар йоьшуш дешархочунна текст юккъера хIора доьалгIа-пхоьалгIа дош доьвзаш ца хуьлу. И дешнаш кхето гIерташ валла веза хьехархо, говзаран идея я цуьнан исбаьхьалла йийцаран метта. Бакъдерг дийцича, хIинца цхьаболу хьехархой шаьш а бу дуккха а дешнаш ца хууш. И ю и мотт бицбаларан юьхьиг. Де-дийне мел дели, говзар тIера кхето деза дешнаш алсам дуьйлуш лаьтта, уггар даьржана долу аттаниш а тIехь. Иллиш тIера, туьйранаш тIера хьалхалера, ширделла догIу дешнаш-м муххале а. Тахана оха юьхьарлаьцна Iалашо ниса и ю-кх: Нохчийн фольклоран тIера хала дешнаш тида хьажар. Тхуна хетарехь, кху статьях шуьйра пайдаэца йиш хир ю хьехархойн, студентийн, журналистийн я муьлхха шен ненан меттан бала болчу а, доглозчу а стеган.

Āнан серло (НФ 4: 312) – āна небосклон, горизонт ду.

Аьчка зIе ва етташ – зIе = «1. цепь; 2. связь, телеграф», зIе етта «зIенехула хаам бан, телеграфировать».

Баган соьла тIе = баганан стоьла тIе «на сосновый стол» (НФ 5: 104, 107)

Байн сагIа – буо-берийн сагIа (буо дош дукх. терахьехь бай ду, ткъа цуьнан дол. дожар байн ду).

Беар дин (99 а.) – беара дин, диъ шо долу дин.

Бōра дин – бора басахь дин, буланый конь. Бора билгалдош дицделла догIуш хиларна, и юккъехь долу дешнийн цхьанакхетарш довза деза хIоранна а, цундела далор вай царах цхьадерш:

Бōра бокъой (НФ 5: 50) = бора бекъий // бокъий буланые жеребята,

Бōра гила (НФ 5: 384) буланый скакун,

Бōра дин, бора дой (НФ 4: 46, 114; НФ 5: 72-73, 389) буланый конь,

Бōра кIажарш (НФ 4: 72) = бора чIабанаш «каштановые косы».

Бōра ча бурый медведь.

Бōра кIора бурый уголь.

Бордаха дилха – Билггала маьIана хууш дац. Хетарехь, цIехо-боьмаша басахь жижиг аьлла, дуьйцу. Яхь йоцчу ва кIантал бордаха етт ма тоьлу, тешам боцчу ва кIантал торгIал етт ма тоьлу (Маьхьти Идарзан илли). Амма муха кхета веза тIаккха бордаха кIайн дилха (НФ 4: 89) бохучух?

Буткъа мотт бехьара (айкхвала) – кхузахь, хетарехь, лаьхьан санна, буткъа мотт бохург ду.

Буьйда даш (33 a.) – кIеда, атта сетта, ведлун, атта лела даш.

БIарза (наш) – мул, виран, говран чIаьнкъа (помесь), бекъа.

Варех йолу и чевнаш (297) – вариē ю (вариеш ю) = гIогI ду.

Вēзар (334) – майра, хIусамда, цIийнда. Хьовса лахахь езар.

Веха Дадин (62, 63 a.) – вехачу (вехаш волчу) Дадин. Кхузахь вайна къеггана гуш ду билгалдешнийн лач дожаршкахь тIекхета -чу иллешкахь байтийн бараман (размеран) дуьхьа лелла хилар. Кхано тIаьхьа иза прозе а яьлла, уггар хьалха маьIнех кхета хала долчу я шеко йолчу меттигашкахь. ХIинцалера нохчийн маттахь ма-хуьллу кIезга лело еза, къаьсттана цхьанатайпанара билгадешнашкахь, хIунда аьлча цо мотт эрчабоккху дела.

Гила дин берзийна кIант ваханчу новкъахьа (НФ 5: 188), сихонца гила дин лаьллина (НФ 5: 452). Ва нохчийн Автарха, бацана ларбеш, горга хIоъ баийна дин гила берзийна, Сан динал ва хьалха дин баьккхина-м вели хьо (НФ 4: 115). ХIокха аламаша, къаьсттана тIаьхьарчо, гойту гила юьхьенца билгалдош санна лелла хилар (гила дин, гила борз, гила кема), маьIна «тIах-аьлла, каде, маса, нуьцкъала» а долуш. Цунна гергара ду аьлла хетало оьрсийн жила (жилистый) дош а.

Говз – мастер.

Хьайчех ма тера яцар цу Iелий ши белаш,

Цу чуьрта говзаша ерича ва санна,

Хьайчех ма тера бацар цу Iелий ши бIаьриг,

Куьзгана говзаша боьттича ва санна (НФ 5: 409).

ХIара дош дойзаш нах хIинца бисна а бац. И дойзачех вара Сулейманов Ахьмад, цуьнан «Топонимия Чечни» тIехь далийна ду кхин а зарговз «оружейник, кольчужник» аьлла дош. Оцу дашо гайтира тхуна нохчийн меттан дошкхолларан керла кеп (аьлла ма дай: керланиг – дикка дицдинна шираниг ду):

байтговз /ву/ поэт

бакъоговз правовед

балетговз балетмейстер

бахамговз завхоз

бедарговз модельер

дошговз словесник, лексиколог

гIалаговз градостроитель, архитектор

даарговз повар, кок

жаккиговз гроссмейстер

забарговз сатирик

зарговз оружейник; кольчужник

зурманговз музыкант, композитор

курговз парикмахер

кхачаговз повар

ларговз следопыт

минаговз сапёр

моттговз 1. оратор. 2. адвокат

мукъамговз композитор

пурниговз /ву/ пекарь

суртговз /ву/ оператор

товарговз товаровед

тIемаговз военспец

хорговз /ву, йу/ хормейстер

чамговз дегустатор

шуьнаговз официант

эшарговз /ву/ поэт-песенник, песенник

Iедалговз законодатель

И дI. кх. а. (А.Д. Вагапов. Словарь неологизмов чеченского языка. – Грозный, 2007. – С. 38).

Уьш дерриш а, цаI юккъера ца долуш, дикий, хазий, мегар долушший ду бохург дац иза, и ду луъчунна дешнаш кхолла некъ бу бохург ду. Аьлла ма дай юха а: «Мотт бац къиениг, къиениг моттбийцархо ву».

Гоьзинах дин тесна – гоьзанах, гоьза – говр дIатосу бIугIам, коновязь.

ГIагI – дегI герзах ларда дина аьчка духар, броня, кольчуга, панцирь. Цу ценчу болатан гIагI дегIана ва доьхна (НФ 4: 28). Вовшашна туьйхира бакъ гIирмин мажарш, гIагI дуьхьал нисделла дегIе ца кхечира, Вовшашна туьйхира болатан тарраш, аьчка гIагI цистира, дегIа тIе ца кхечира, Вовшашна туьйхира хьенапан шаьлтанаш, дитт духа керчаш ца леташ йисира (НФ 4: 69). Болатан гIагI дуьйхина паравоз (Ошаев 1964: 264).

ГIап (64, 71 а.) – кхузахь ков, ткъа литературин маттахь «крепость, застава, цитадель» ду.

ГIейи – Везийла Далла, ВогIийла хьо марша, Хьо гIейи веъний теша? – Олуш, лен ма велира И къени ва Ада (НФ 5: 272). Везийла хьо Далла, Хьо гIейи веъний хьо? Хьо лаа веъний хьо? – Ша гIейи а ма веъна, Лаа а ма веъна, Ва эла Темаркъа (НФ 5: 279-280). – ХIокху аламашкара гIейи дашна тхо тIаьхьа ца кхиъна, хала хеташ делахь а, цуьнан этимологи тхуна ца йойза.

Дāца, дукх. дēцаш () – ламан уьстагI бу.

ДоьгIначу гIокхана мажар кхеттачу кIантана (40 а.) – гIакх «цель, мишень». Топ нийсалгIа кхетар къовсуш гIакх йэгIуш (= лаьттах юллуш) хилла.

Еарийн и буьйса эхарал тIехъяьлча (41) – эханал тIехъяьлча.

Езар – жена, лада, зазноба, любимая.

ХIара дош башха халчех дацахь а, кхузахь даладо оха, хIунда аьлча, Мациевс а, Услара а и дош вуно нийса ца кхетийна дела, къаьсттана тIаьхьарчо.

Гихос юьгу сан хьоме жима йоI Гихогара яьккхина ялийначу кIантана И сайн жима йоI езар йина (= зуда йина) ели ас (НФ 4: 32).

Шайн хьоме майранаш езарша (= хIусамнаноша) дIатийсарна (НФ 4: 105). Олуш, лен ва яьлча шен мерза езар (= хIусамнана, 297).

Ша юхайирзирa, тов, Шихмирзин ва езар.

Хьо марша йогIийла, Шихмирзин ва езар!

ТIаккха йист ма хилара, Шихмирзин ва езар!

Цу салойн элаша езар (= зуда) юьгу ма эли.

Iалайкум ва салам, ва Жумин Акхтула!

Шб вула ва аьлча, веънехь ца магара хьо?

И мерза ва езар (= зуда) ца хилча ца мегаш

Хьо вуйла хиънехьара, ша шениг лур яра хьуна,

Хьайчул ирча яцара шен мерза ва езар (НФ 4: 302, 305).

Жан-матт – «Бокаран Цухушан и Iаьржа жан-матт шаьш хьалха берзийна, ва цIехьа ма бахара и Хайдин накъостий?» (НФ 4: 310). «Ца хаьара ва хьуна, эла йоцу хьо Хайда, Сан ваша ва вийна ахь балийна жан матт Ахь буур боцийла?» (НФ 4: 314). Метта юккъера хьаьржина, кура ши ка бийна, тIехьийзаш хиллера и Адин Сурхо (НФ 5: 273). Бигийна карийнера И Iаьржа ва матту… Рузбанан маьждиге ва лаьтташ хиллера и Адин матту… Адин Сурхо ва вийна Эла Темаркъас балийна Цу къена Адин Iаьржа матта бай яр-ма (НФ 5: 273, 278). Нохчийн иллеш тIерачу оцу аламаша дика гойту матт хьалха жа, сур, арданг, жIэга, жут, тоба, оьрсийн гурт, доцца аьлча дукхалла бохург хиллийла, ткъа меттамотт бохург «жан мотт, жа дIахIутту меттиг, туп» бохург дуйла.

Йōра дин – шера чкъор долу, бослепа дин. Словараш тIе тоьхна поджарый конь бохург нийса дац аьлла хета, иза гучудолу, масала, кху дустарехь: «довхачу хица дин цIанбина, шийлачу хица и йора балийна». Кхеташ ма-хиллара шийлачу хица дин куце бблорах и «поджарый» балур бац цхьана минотехь. Амма тIаьххьара шекверг а нисвийр ву хIокху аламо: «ХIара йōра кIайн кехат ва шайна схьадеша» (НФ IV 119). Кхузахь йōра кехат «гладкая, лощеная бумага» бохург бен хуьлийла дуй?

Йора кехат (НФ IV 5, 28, 29, 30, 119).

Йору гила борз (НФ 5: 519)

Йору цIоькъа лом (НФ 5: 90)

Кера мекхаш (22) – хьаьрса мекхаш

Керош дузийна = кийранаш (НФ 5: 94)

Кēчал черчий (308) – косматые медведи хила тарло. И дагадогIу кечал-кхокха «витютень» хилар дагалаьцча.

Корталийн чIуралаш шен карахь ловзадеш (113) – корталин йистошца кхозу кIинж и яцахь, чIурал хIун ю тхуна ца хаьа.

Кхаарин дин (98 а.) – кхо шо долу дин

Къера къу – вуйла а хууш, даррехь къу

Къēчушна (диал.) – къечарна, мискачарна 35

КIайн йийсар – деза йийсар, мах баккха лаьцна вуьгург

КIайн ловзар (36 а.) – сийлахь, деза ловзар

КIайн хIонц – хьуьнарца, майраллица яьккхина хIонц.

Маккхалой – ХIара дош шинхьа далийна, иштта го болуш: ва делан мостагIий, маккхалой! (НФ 5: 452). Хала хеташ делахь а, цу гоно кIезга гIо до маккхалой дешан маьIнах кхета, цундела тхуна дагадогIург цхьа маккхал «коршун» дош бен дац. Бакъду изза орам болу дош хIирийн маттахь а ду маьккхыл «коршун», маьккхал «ингуши» бохучу маьIнехь.

МаргIал гибкий, гнущийся.

МаргIалчу маттаца цигаьрка ловзаеш – сеттачу маттаца (НФ 4: 45). МаргIал куьг кховдийна малар кад схьаэцна (НФ 4: 95).

И дато дуьрста маргIал куьйга ловзаеш, тIевеара жима стаг (НФ 4: 141).

ЦIоькъ болат дуткъа тур Оьздачу шен хаьнтIехь МаргIал куьйга ловзадеш (НФ 5: 416).

МаргIал пIелг (НФ 4: 81). И куьйган маргIала пIелг кхаа пхонах ва туьйсуш, Пондаран зевнаца шен оза хьерчадеш (НФ 4: 108). И датон шедакхаж маргIал пIелгаца ва къуьйлуш (НФ 5: 46).

МаргIал буц якъаял гIайгIа (НФ 5: 433).

Мотт маргIал лебийр бу Дош дашо дуьйцур ду цу эла Темаркъас (НФ 5: 272).

МаргIал сара «гибкий прут», маргIал дегI «гибкое, упругое тело».

Мāса мостагI – луьра, сиха мостагI.

Мāса малар (165) – сиха (вахо) малар.

Набарна самвира цо и – набарх ваьккхара, самаваьккхара.

Нийсара накъост – нийса накъост. Наггахь нохчийн билгалдешнашкахь -ра тIекхета, хьовсал, масла, хIокху дешнашка: даккхийра, кегийра, езийра (= еза, хьоме), соьцара (соьца волу).

Ōза (НФ 108, 109 а.) – аз «йиш, зов» дешан вариант ю. Бакъду Нохчийн Фольклоран ши том ешарх тхуна цхьанхьа аз аьлла кеп ца нисъелара.

Олалла господство, нийса дац олилла (НФ 31).

Орцанча (НФ IV 7) – орцана вогIург, орцанхо.

Оьзда (96 а.), дукх. оьздеш – уздень, паж.

Оьрзал лелхаш (I55 а.) – эрзала лелхаш, эрз – камыш. Изза фонетикийн хийцам хуьлу цхьаболчеран маттахь эзар 1000 – эзарзза // оьзарзза дешнашкахь, бердах вагIа // боьрдах вагIа.

Оьрийн малар (49 а.) – тхо кхеташ дац оцу дашах, нийса яздина дуй те?

Пошмакх – кIарх бу, дагадаийта туьркойн башмак бохург.

Пхеара дин (100 а.) – пхи шо кхаьчна дин.

Роьта (126 а.) – руьйта ю, делкъана жай, бежнаш хи тIе дуьгу меттиг.

Совр – тIаьрскан тайпа ду.

Фольклоран 4-чу том тIехь иштта кхетийна и дош: «Совр – тIоьхула зуьгалгаш а йолуш кечйина сен я говран цIока» (НФ 4: 365). 5-чу том тIехь далийнарг иштта ду: «Совра – сен я говран кечйина цIока (покров сафьяна)» (НФ 5: 520). Дешан маьIнех дуьззана кхетархьама, и юккъехь долу контекст я дешнийн цхьанакхетарш дало деза. Масала, «Совр баттахь ва доллу терс-маймал дуткъа тур» (НФ 4: 295). «… Цу совран баттара озийна даьккхира цо Мисарахь ва дина болатан дуткъа тур» (НФ 4: 315). Я кхин а: «Совр сийна ши пошмакх ерзана туьйдина (НФ 4: 290). Оцу аламашкахь совр дешан маьIна, лакхахь ма-кхеттор, боккъал а «тIаьрска, цIока» кардо вайна. Мелла а цунна уллера ду совр паста «род дыни с узорчатой кожурой» бохург а, хIунда аьлча «чкъуьйриг тIехь забарш йолу паста» аьлла и кхетало дела. Амма кхин дIа а лаьррана вай иллеш дешча, вайн гучуюьйлу оцу дешан маьIнийн керла агIонаш, хьовса: «Чохь куьзга лоьцуш, тIехь совраш детташ, гIирмаша тойина бакъ гIирмин турмал» (НФ 4: 58). «Чохь куьзга ва лоьцуш, тIехь совра детташ, гIирмаша тойина бакъ гIирман и турмал…» (НФ 4: 59, 60). «Чоьхьа герз (куьзга?! – В.А.) ва лоьцуш, тIехь стовр ва деттуш оьрсаша ва йина и сирла ва турмал» (НФ 5: 263).

Соьцара кIант – соьца волу кIант. Соьцāна бохучу дешан вариант ю.

Суьпанаш – суьпа нах, Делах кхоьру, Далла Iамал чIогIа ен, ламаз-марха лерана лелон нах. Шен схьадаларца суфий дашах кхолладелла (и тхоьга барта аьлларг И. Элсанов ву).

Тайша бежалой (316). А.Г. Мациевс тайша «коричневый (о масти крупнорогатого скота)» аьлла тидна, тIаккха тайша бежалой «коричневые козлы» нисло, амма догIуш-м ца хетало. ГIалгIайн тайша «бурый, серовато-бурый» дашо а кIезга гIо до. Кхин дIа талла дезар ду и дош.

Хьан хенан нийсарий – хьан хенан нийсарой // нийсархой.

Хьешийн дой туьйдучу шайн дика дой туьйдда (61 а) – тийда кхузахь дIатийса, дIадехка; туьйдучу = туьйсучу, туьйдда = туьйдина, тийсина. Оцу орамера дуй те туьйдарг дош (туьйдарг хецадала)?

Хьоьхин гирда – хьех-дечках йина гирда (пхьегIа), хьех – ‘липа’ дитт ду.

Хьоьхин гирда буьззана цIен деши ду шуна (НФ 4: 39).

Хьоьхан гирда буьззана цIен деши доьхкина (НФ 4: 43).

Гирданца ва дустуш кIайн дети лур ду ас, цу сохьца (= сахьца) ва дустуш цIен деши лур ду ас (НФ 4: 307).

Гирдаца ва дустуш кIайн деший (детий хила дезий те?) ду ала, сахьанца ва дустуш цIен деший ду ала (НФ 5: 462).

Оцу дерригено дика гойту гирда хьалха «мера веса» а доцуш, «род посуды» хилла хилар.

ЦIоькъа – къорза аьлла тидана А.Г. Мациевс: «пестрый (о масти зверей)» (1961: 485). Цуьнца реза бу кхиболу авторш а. Масала, «НФ» 5-гIа томан 520-чу агIон тIехь цIоькъа айгIар иштта буьйцу: «цIоькъа бос болчу, хьоькхнаш санна тIедарчий долчу говрах олуш ду». Амма вайн лакхахь ма-аллара, дешан дуьззана маьIана довзархьама, цуьнан гоне хьажа веза. Дер вай иза. Масала, илли тIехь Цонтарой Дадас кхайкхадо:

«Къеналла-къоналла цхьабосса ва болуш,

Цу басна-сибатна цхьатерра ва болуш,

Цхьабосса кхо айгIар балийначу цу кIанте

Ас маре лур ма ю сайн хаза жима йоI» (НФ 4: 73).

Бабин кIант араволу кхо айгIар лаха, уьш тIаьххьара а ГIебартойн Курсолтин гIоьнца цунна кара а бо. Амма кхузахь коьртаниг вайна и дац, вайна коьртаниг кхузахь ду и айгIарш даим а цIоькъа кхо айгIар аьлла хьехабар:

Дуьненчохь уьш белахь, и цIоькъа кхо айгIар (НФ 4: 75).

Инарлин ма бара и цIоькъа кхо айгIар (НФ 4: 81).

И цIоькъа кхо айгIар хьо бало ва вахна (НФ 4: 87)

И цIоькъа кхо айгIар шаьш улле ва лаьцна (НФ 4: 81).

Цхьабосса ва болуш, и цIоькъа кхо айгIар (НФ 4: 92).

Хьалхара шеко-хаттар: тIедарчий долу къорза кхо айгIар цхьабосса хила йиш юй? ШолгIа хаттар: даим юьйцуш йолу и цIоькъалла, багара охьа ца йиллал, говрийн уггар тоьлла билгало ю-кхин? ДоьалгIа. И цIоькъа йора дой [НФ 4: 100]) аьлча, уьш дерриш къорза дой хила деза?

«Эла Тепсаркъий, жоьра-бабин Жонсаркъий» туьйранехь буьйцуш бу Iаьржа цIоькъа айгIар, расха цIоькъа айгIар, кIайн цIоькъа айгIар. Муьлха басахь бу и айгIарш, цIоькъа бохург «пестрый» хилча?

Аренца ва ежа цIоькъа рема ва толлуш (НФ 4: 45; 5: 190).

И цIоькъан ва рема ша алсам ва ялош (НФ 4: 97).

Цу цIоькъа ремана бецан бухь баабан (НФ 4: 105).

ЦIоькъа рема ва яжа сийна буц ца йулучу (НФ 4: 107, 110).

Массо илли тIехь рема дашан эпитет цIоькъа ю, лаа дуй те массо рема «къорза» хилар?!

Вайна ма-хаъара, болат садолу хьайба а дац я къорза басахь а дац, амма иза а цIоькъа дашо билгалдеш го вайна:

ЦIоькъболат дуткъа тур шен куьйга ловзадеш (НФ 4: 85).

Мисарахь ва дина цIоькъ болат дуткъа тур (НФ 5: 416).

ЦIокъ болатан херх.

Оцу дерригенна улле вай кхин а хIара дешнаш дахкахь цIокъ-аьрзу «беркут», цIоькъалом «лев, тигр», цIокъберг «барс», вайн ган таро ю цIокъ- // цIоькъа бохург, «къорза» а доцуш, «онда, нуьцкъала, тIах-аьлла, чIогIа» бохучу маьIнехь лелла хилар. Ткъа нах галбаьхнарг хIун ду те аьлла хаьтча, тхуна хетарехь, иза цIоькъалом дош хила мега. Лом «лев» хилча, цIоькъа-лом «тигр» цунах уггар хьалха шен къорзаллица къаьста, делахь хIета цIоькъа «пестрый, пятнистый» ду-кх аьлла сацийна нехан кхетамо. Иштта нисделлачу тидарх «халкъан этимологи» («народная этимология») олу. Тхуна хетарехь, кхузахь гIулкх нисса бIостанехьа ду: дуккха а наха, ур-аттала таханлерчу дийнахь а, цIоькъалом тиграх ца олуш, «лев» экханах олу. Вайна моьтта, цара иза цахаарна олуш ду, ткъа цара иза, вай санна дешарой, словараш тIе хьежарой шаьш гал ца даьхна дела олий те? Схьахетарехь, хьалха лом юкъара цIе хилла хир ю – «хищный зверь из семейства кошачих, тигр, барс, лев», кхано цу юккъера уггар онданиг схьакъастош цIоькъа-лом аьлла «чIогIа-лом, онда-лом, царь зверей лев» бохучу маьIнехь. Иштта техкина хета тхуна хIара цIерш а: цIокъ-аьрзу «онда-аьрзу, беркут» (= самый крупный орел с размахом крыльев до двух метров), цIокъ-болат «онда-болат, сталь» (дагалаца ширанохчийн андун «крепкий, твердый» > скифийн, хIирийн андун «сталь»). Цундела лакхахь вай дийцина долу цIоькъа йора дой «тIах-аьлла, нуьцкъала, андий йора дой» ду, Iаьржа цIоькъа айгIар, расха цIоькъа айгIар, кIайн цIоькъа айгIар «Iаьржа онда айгIар, расха онда айгIар, кIайн онда айгIар» бохург ду, цIоькъа рема «тIах-аьлла, онда рема, могучий табун» ду, цIоькъа кхо айгIар «кхо онда айгIар, кхо турпал айгIар, три могучих, богатырских жеребца» ду. Аьллачунна тоьшаллина хIуьтту кхин а гIазонкийн (даргинийн) маттахь долу цIакъ- ‘сильный’.

Чехка ниха (129 а.) – пиво санна, вахо малар.

Чонан кIураца – я ченан кIуьрца бохучуьн вариант ю, я яздарехь дина гIалат ду.

Шеда дин чехабеш (48) – шедаца дин чехабеш, шеда – коьчалниг дожаран яцйина кеп ю, хьовса: хьайн куьйга кхобуш (66 а.), куьйга (кога) хьовзо чарх – куьйгаца (когаца) хьовзо чарх.

Экха – носилки. Куьйга экха такхийна йогIуш гира царна … цхьа гIийла ва зуда. … Орана тIекхаччалц экха дIатакхийна, Экхан чуьра и нехаш цу ор чу харцийна (НФ 4: 133-134).

Эмалк караIамийна йоцу говр; нийса дац эмалкх (НФ 32).

Яйдāкха тIехиъна (100) – (дукха сиха волуш) нуьйра а ца туьллуш говра хиъна.

Iевнан Iахар (164) – Iовла Iахар бохург дацахь, тхуна иза хIун ду ца хаьа.

Литература:

1. Мациев А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь. – М., 1961. – 368 с.

2. Нохчийн фольклор. Т. IV. ХIоттийнарш: С. Эльмурзаев, Я.С. Вагапов. – Соьлжа-гIала, 2005. – 526 с.

3. Нохчийн фольклор. Т. V. ХIоттийнарг: И.Б. Мунаев. – Соьлжа-гIала, 2007.

4. А.Д. Вагапов. Словарь неологизмов чеченского языка. – Грозный, 2007. – С. 38

Вагапов Арби, Хажгириева Карина.

"Вайнах", № 4, 2010.

Схьаэцна кхузара.

Къастар: Статьяш | Хьовсна: 1157 | Т1едаькхна: Иса_Балаев | Тегаш: фольклор, Вагапов, lарби
Т1еаларш: 0
avatar