Зорба » НАГАХЬ СО ЦХЬАНХЬА А ЦА ХИЛЧА
17:32
НАГАХЬ СО ЦХЬАНХЬА А ЦА ХИЛЧА
Козлов Сергей

Кхин а жимма 1ийча седарчий летар ду, меллаша текхна гуьйренан аренаш т1ехула схьакхетар бу бутт а. Т1аккха жимма 1ийча, хьуьна юккъе хьожур бу бутт, уггаре а лекхачу базанах а тасабелла, к1еззиг соцунг1а йийр ю. Эццахь гур бу и бутт Зу-к1орнина а, Чайта1на а.
– Хьажахьа, – эр ду Зу-к1орнис.
– Х1аъ, – эр ду Чайта1а.
Бутт кхин а лекха а баьлла, шен шийла нур 1енон х1уттур бу.
Иштта хуьлура кху екхначу шийлачу гуьйренан х1ора сарахь а.
Х1ора сарахь Чайта1 а, Зу-к1орни а вовшашка хьошалг1а а оьхура, дагара а дуьйцура.
Тховса а элира Зу-к1орнис Чайта1е:
– Ма дика ду-кх вай вовшийн долуш!
Чайта1а корта та1ийра.
– Дуьхьалтасийтахьа хьайна: со яц, ткъа хьо цхьалха 1а, къамел дан а цхьа воцуш.
– Ткъа хьо стенгахь ю?
– Со яц.
– Иштта хуьлуш ца хуьлу, – элира Чайта1а.
– Суна а хета иштта, – элира Зу-к1орнис. – Амма х1етте а – со яц. Хьо цхьалха. Ахь х1ун дийр ду?
– Хьо йолчу йог1ур ю.
– Стенга?
– Муха – стенга? Хьан ц1а. Ян а еана эр ду: «Хьо схьа х1унда ца еара, Зу-к1орни?» Т1аккха ахь эр ду…
– Сонтаниг! Ас муха эр ду, со хила а ца хилча?
– Хьо ц1ахь яцахь, хьо со йолчу еана хир ю-кх. Т1аккха со сихха ц1а йодур ю. Х1а-а, кхузахь хилла-кх хьо! Т1аккха дийца йолалур ю…
– Х1ун?
– Дов дан!
– Х1унда?
– Муха – х1унда? Вайшинна барт ца ларбина аьлла.
– Вайшимма барт муха бинера?
– Суна х1ун хаьа и? Амма, хьо со йолчохь хила еза я – хьайн ц1ахь.
– Со цуьрриг а ян ма яц. Кхетий хьо?
– Х1оккхахь хиина 1аш ма ю хьо!
– Х1инца ю со кхузахь хиина 1аш, амма со хиллане а ца хилча, стенгахь хир ю со?
– Я со йолчохь, я хьайн ц1ахь.
– Со хилча дерг ду и.
– Т1аккха, – эли Чайта1а.
– Ткъа со хила а ца хилча?
– Т1аккха хьо хи йистехь хир ю-кх, батте а хьоьжуш, 1аш.
– Хи йистехь а яц.
– Т1аккха хьо цхьанхьа яханчуьра схьаяза хир ю-кх. Т1аккха, едда яхана, ас ерриге а хьун а теллина, суна схьакарор ю-кх хьо!
– Ерриге а хьун теллина ахь, – элира Зу-к1орнис. – Ца карийна.
– Луларчу хьуьнхахь лохур ю!
– Цигахь а яц.
– Массо а х1ума т1ек1елтухур ду, т1аккха схьакарор ю!
– Яц со. Цхьанхьа а яц.
– Т1аккха, т1аккха… Т1аккха шерачу ара а яьлла, – элира Чайта1а, – мохь тухур бу: «Зу-к1орни-и-и-и-и-и!», т1аккха хьуна со хезар ю, ахь а мохь тухур бу: «Чайта-а-а-а1!..» Иштта.
– Х1ан-х1а, – элира Зу-к1орнис. – Со цуьрриг а яц. Кхетий хьо?
– Ма т1ейирзи хьо суна? – оьг1азъяхара Чайта1. – Хьо яцахь, со а яц. Кхийтин хьо?
– Х1ан-х1а, хьо ю. Ткъа со яц.
Чайта1 кхохка а йина, 1ара.
– Чайта1!..
Чайта1а жоп ца делира.
Хьуьна т1ехула лаккха айбеллачу батто шена а, Зу-к1орнина а т1ехьоьрсучу шийлачу нуьре а хьоьжуш, 1ара и…
Къастар: Гоч | Хьовсна: 1031 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar