Зорба » СТЕЛАIАД
18:07
СТЕЛАIАД
Козлов Сергей
ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ
СТЕЛАIАД
Пешах букъ товжийра ЧайтаIо. Хаза йохъеллачу цуьнан меттахахьан а дог ца догIура.
Арахь мохо шок еттара, дитташа гIовгIа йора, коран бIаьргах догIа детталора, ЧайтаI бIаьргаш а хьаббина, аьхкенан ойла а еш Iара.
Цкъа хьалха дерригенан а ойла йора цо, ЧайтаIна и «дерриге» малх а, йовхо а яра. ТIаккха цу аьхкенан къегинчу малхехь Зингат гира цунна.
Зингат юьхка тIехь хиина Iара, бIаьргаш а къерзош, ЧайтаIе цхьаъ дуьйцура цо, амма ЧайтаIна ца хазара цо дуьйцург.
– Со хезий хьуна? – эххар а хезира ЧайтаIна Зингатан аз. – Болх хIора денна бан беза, хIора денна, хIора денна!
ЧайтаIа корта дIасаластийра, амма Зингат дIа ца довра хьалхара, мелхо а, цуьнан аз чIагIлора.
– Малоно хIаллакйийр йолуш ю хьо!
«Ма тIедирзи и суна? – ойла йора ЧайтаIо. – Иштта зингат суна-м дага ца догIу».
– Малончаш хилла девлла шу! – мохь беттара Зингато. – ХIора денна хIун до аша? Схьадийцал!
– Дуьйладелла лела-кх, – хезаш элира пеша уллохь Iачу ЧайтаIо. – Аьхке ма ю хIара!
– Аьхке! – чукхоссаделира Зингат. – Болх хьан бийр бу?
– Болх беш ду тхо-м.
– ХIун дина аша?
– Масане ду уьш, – элира ЧайтаIо, кхин а чIога пеша тIе а таьIаш.
– Схьаалал ахь тIаккха.
– Алкханчан бен бина.
– Кхин?
– Пеш а йина.
– Стенгахь?
– Хи йистехь.
– ХIунда?
– Суьйренаш ларъян. ЦIе а латийна, хаза хевшина Iен.
ЧайтаIна дуьхьалтесира ша Зу-кIорница седарчий кхеттачу буьйсанна хи йистехь чай кхехкош Iаш, хи чохь чIерий ловзуш ла а доьгIуш.
Чайнан яй цкъа гIийла гIовгIа ян а болалой, тIаккха сиха кхехка болалора, седарчий баца тIе охьа а оьгуш, когашкахь хаалора.
ТIаккха ЧайтаIна чIогIа лиира цу аьхкенан буьйсане кхача, цу кIедачу бацалахь стигала а хьоьжуш Iилла.
Цо Зингате элира:
– Схьадолий хIокха пеша улло охьахаахьа, со аьхкене а яхана, йогIу.
– Сан метта чемхалг ахь дIахьур дуй тIаккха? – хаьттира Зингато.
– Ду, – элира ЧайтаIо.
– Баганан ялх маха а?
– ХIаъ, – элира ЧайтаIо.
– Ши без а, олхазаран йиъ мас а?
– Ерриге а дIахьур ю, – элира ЧайтаIа. – Амма хьо хIоккха охьахаа, дика дуй?
– Цкъа собар, – элира Зингато. – Къахьегар – хIораннан а декхар. ХIора денна…
– Сацал! – мохь туьйхира ЧайтаIо. – ЛадогIал соьга: сихха пеша улло!
Аьхкенера сехьадаьлла Зингат пеша улло хиира, таттаелла цуьнан метта дехьа ЧайтаI а йолуш.
ХIинца ЧайтаI аьхкенехь яра юьхка тIехь хиина Iаш, Зингат – кIоргачу гуьйренехь ЧайтаIан цIахь дара.
– Хьо хиина Iе, – элира ЧайтаIо Зингате, – Зу-кIорни ягIахь, цунна чай а ло.
КIедачу баца тIехула хи долу дIаедира ЧайтаI, хи хьала а кхуьйсуш, ловза йолаелира и. БIаьргаш а хабийна хьаьжча, цу хин буьртигашца стелаIад хIуттуш хеталора, шена гучух ца тешаш, юх-юха хи хьалакхуьйсура ЧайтаIо.
– ХIей! – мохь туьйхира Зингато. – Болх бийр бу хьан аьллера?
– Собардехьа! – элира ЧайтаIо.
Юха а хи ловзо хIоьттира и, бIаьргаш а хебош, стелаIад а лоьцуш.
– ХIораннан а декхар – къахьегар, – бохура Зингато, йовхачу пешах а теIаш. – ХIора денна…
«Ма тIедирзи хIара, – ойла йора ЧайтаIо. – ХIара аьхке йоца хиларх ца кхета-кх, хIинцца чекхъер хиларх а, сан тIодаша стелаIад лецарх а».
– Зингат! – шен аьхкенера схьа мохь туьйхира ЧайтаIо. – Бур-бур ма дехьа! Болх беш яц со? СадоIуш-м яц со?
Юха а хи тIе тIод а тоьхна, бIаьргаш хабийра ЧайтаIо, юха а стелаIад хIоьттира цунна хьалха.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 1603 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar