Зорба » "Стол" нохчийн маттахь муха олу?
09:44
"Стол" нохчийн маттахь муха олу?

И хаттар дир аса, цхьана социал машехь (в социальной сети). Цунна жоп ца х1ууш, хетарш тайп-тайпана долуш, т1еаларш алсама хилир оцу хаттарна. Цхьаболчара бохура, х1инца йолчу кепара а, х1инца йолчу 1алшонца "стол" вайн дайша лелина яц, йаах1ума лаьттахь йууш х1илла, цундера вайн маттахь цуьнан ц1е яц.
Дийцаре даккхар даьрзир х1оккха жоьпо: 

"Со студент волуш, ЧГУ -хь соьца доьшуш волучу Теркайистера к1анта элира, аса со "стол" дош лоьхуш ву и ца карош, аьлча. Шен Ден Дас олуш ду и дош, амма шена дага ца доьг1у, цо аьлча,дешар хан д1а ма елли, со цуьнца вахара леррина и дош схьа эца.
Уошла ю, аьлла дийцира Дадас.Цул т1аьхьа 20 шо сов зама йолуш,суна уьш масийтта а карийна.
Доккхачу Тойнехь х1оттош йолучух - Шун ду олу.
Горгачу доьзалан стоьлах - Ховшаг олу. Ховшо го бохучу т1ера даьлла иза.
- Уошла ю.
- Шун ду.
- Ховшаг ю.

Леладейша вайн дешнаш. Массуо а дош шеначохь долуш, Дашо мотт ма бу, вай нехан дешнаш хьалха а дохуш, отуш берг - вайн Нохчийн мотт.

Лерамца Аьрсбин Абу-Бакар"

Хаттар делларг - Лечи 1ийса. (Иса Балаев).

Къастар: Статьяш | Хьовсна: 3432 | Т1едаькхна: Иса_Балаев
Т1еаларш: 5
avatar
1
Буош олу схьахетарехь.
avatar
0
2
Буош, олуш хилчи-м, гуош алар нийсох хила мегар, гуорг шун боху шина дашах схьадаьлла долуш.
avatar
3
1ийса, буошхап боху дош а ма дуй цхьана т1ера схьа.... Хьуна муха хета ?
avatar
0
4
Хир ду-хьун, делахь, буош боху дош а... Суна цкъа а хезна дацар и.
Ткьа стенгарчу наха олур и ламанц болчар, охьенгахь болчар йа Теркаца 1ашболчу наха олур?...
avatar
5
Маршал ду шуьга!
Дела реза хуьлийла иза дешнаш довзитарна!
Кхин а ала лаьар суна "кухня"-хь "хIорга" олий. Урданера ванаха лелуш ду х1инца а иза дош.
omForm">
avatar