Зорба » Уггаре а мехалниг
12:00
Уггаре а мехалниг
Жимачу к1ентан ч1ог1а гергарло хилла луларчу воккхачу стагаца, дукха хан йоккхуш хилла цо цуьнца.
Амма хан-зама йоьдуш, к1ант воккха хуьлуш, дешарна, дахарна, балхана, доьзална хан дукха езаш хилла. Дахаро юкъахьовзийнчу к1ентан к1еззиг хан хуьлуш хилла безачаьрца яккха а.
Шен лулахо воккха стаг велла аьлла хезна цунна. И ирча кхаъ шена хезча, ша-шех эхь хетта жимачу стагана, шена дукха хьехарш дина, ден метта хилла волчу цу воккхачу стеган терго ша к1еззиг ярна.
Цу бехках хьалхавала некъ а лоьхуш, тезета веана иза.
Кешнашкара юхадирзича, воккхачу стеган чу веана, д1асахьаьжна жима стаг. Дуккха а шераш хьалха санна, хилла гонахара сурт, цхьа а х1ума хийцадалаза...
Амма стоьла т1ехь даим а лаьтташ йолу дашо бос бетталун жима яьшка ца хилла. Цу чохь шен уггаре а мехала х1ума ю олуш хилла воккхачу стага.
К1еззиг бен ца хиллачу гергарчу нахах цхьамма д1аяьхьна хир ю-кх и аьлла, араваьлла жима стаг.
Цул т1аьхьа ши к1ира даьлча, почтехула цхьа яьшка еана жимачу стагана. Цу т1ехь шен лулахочун ц1е гича, лов-аьлла хетта кхунна.
Яьшка схьайиллича, цу чохь хилла и кхунна дукха хенахь дуьйна евзаш йолу дашо яьшка. И схьаяьстина, хьаьжча – кисанахь лелон дошо сахьт хилла цу чохь, т1ехь аьгна йоза а долуш: «Баркалла ахь соьца яьккхинчу ханна».
Т1аккха кхетта жима стаг, цу воккхачу стагана уггаре а мехалниг ша цуьнца йоккхуш хилла хан хиллийла.
Цул т1аьхьа, шен жимма а мукъа еана хан, шен доьзалца яккха, церан терго сов ян волавелла и.
Хьовсна: 1906 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar