Зорба » ЗУ-КIОРНИ ДАХКАРЛАХЬ (ЗЕВНАШ А, АЬЗНАШ А)
12:44
ЗУ-КIОРНИ ДАХКАРЛАХЬ (ЗЕВНАШ А, АЬЗНАШ А)
Козлов Сергей


– Набаран тар тесначу хенахь, хьайна луъург дуьхьалтасийта йиш ма ю, Чайта1. Ахь дуьхьалтасийтинарг баккъал долуш санна а хир ду. Т1аккха…
– ТIаккха?!
– ТIаккха…
– Схьаалий ялахьа!
– Т1аккха… хеза-кх зевнаш а, аьзнаш а.
Зу-кIорни, б1аьргаш а горгбина, хьоьжура ЧайтаIе, х1окху м1аьргонехь ша цхьана мехалчу къайленна т1екхиъча санна.
– Х1ун хезира хьуна? – шабаршца хаьттира ЧайтаIа.
– Таханий?
– Х1аъ.
– Хьуьнан-хьоза, – элира Зу-кIорнис.
– Ткъа селхана?
– Пхьид.
– Цо х1ун бохура?..
– Цо йиш лекхира, – бIаьргаш т1екъевлира Зу-кIорнис.
– Хьуна х1инца а хезаш ю и?
– Хеза, – элира Зу-кIорнис.
– Ас а къовлу б1аьргаш д1а, – Зу-кIорнина уллло а хуьлуш, б1аьргаш д1акъевлира Чайта1а.
– Хезий?
– Ца хеза, – элира ЧайтаIа.
– Набаран тар тасийтал ахь-м.
– Т1аккха д1айижа еза.
– Со а йижа еза, – элира Зу-кIорнис. – Дуьхьалтасийтахьа…и охьа а хиина, йиш локхуш ю.
– Тасийти.
– Хезий хьуна? – Зу-кIорнин са ца тоьра. – Локхуш ю!
– Ца хеза, – элира ЧайтаIа. – Б1аьргаш хье т1е а баьхна 1аш ю и.
– Къамеле ялал хьо-м цуьнца, – хьехар дира Зу-кIорнис.
– Муха?
– Ахь ала: «Генарчу хьуьнхара шуьга ладог1а еана со, Зу-кIорница цхьаьна».
ЧайтаIа балдаш меттах хьадира.
– Эли.
– Т1аккха?
– ХIумма а ца олу дуьхьал.
– Собарде, – элира Зу-кIорнис. – Хьо охьахаа, ткъа со д1аюьжу. Иштта... – цхьа бур-бур дан йолаелира и.
Малх г1ушлакхе баьллера. Гуьйре дитташца ловзура, г1ашца хьийзара.
Дукха хан Чайта1 охьахиина а, ц1ег1ачу дитташка а, 1аьмнашца ловзучу мохе а хьоьжуш 1аш йолу а, амма Зу-кIорнин бур-бур кхачалуш дацара…
– Ладог1ахьа, Зу-кIорни, – элира Чайта1а, – вайшимма хIун до цу пхьидах? Цул а, ж1аьлинускалш а лахьийна, уьш кхорзу вайшимма! Ас хьуна дитина 1ежаш а ду…
– ХIан-хIа, – бIаьргаш схьа а ца боьллуш, элира Зу-кIорнис. – Цо йиш локхур ю.
– Лекхча х1ун ду?
– ЭххIай! – элира Зу-кIорнис. – Ж1аьлинускалш! Iежаш!.. Зевнаш а, аьзнаш а х1ун ю хаа дезара хьуна!
Къастар: Гоч | Хьовсна: 114 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
avatar