Зорба » ЗУ-КIОРНИН ЛАМ
18:09
ЗУ-КIОРНИН ЛАМ
Козлов Сергей
ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ
ЗУ-КIОРНИН ЛАМ

Дукха хан яра Зу-кIорнина иштта йоккха стигал ганза. Дукха хан яра иза иштта йогIа а елла Iаза. Хьо хIунда сецна, хьо стенга хьоьжу аьлла шега цхьамма хаьттича, дала жоп а дацара Зу-кIорнин.
– Хьо стенга хьоьжуш ю, Зу-кIорни? – хаьттира Тарсало.
– ЭхI, – аьлла, тIод ластийра Зу-кIорнис.
– ХIун гина хьуна цигахь? – хаьттира Зингато.
– Йист а ца хуьлу, – элира Тарсало.
– Ойлане яьлла, – аьлла, яппарш а йина, шен гIуллакхе дIадахара Зингат.
ХIара хьун а, аре а, хIара гу а шена дуьххьара гуш санна, хийтира Зу-кIорнина.
ХIара сурт цкъа а шена гина а доцуш санна хетара.
«ХIара муха ду? – ойла йора Зу-кIорнис. – Дукхазза идда-кх со кху некъашкахула, дукхазза яьлла-кх со кху буьххье».
Дитташ а дара тамашийна – дайн, чекх са гуш, тийналлех а, синтемах а доьттина. Бераллехь дуьйна ша лелла меттигаш ца евзаш йисинера Зу-кIорни.
– ХIара дерриге а суна хьалххе хIунда ца гина хилла те? – бур-бур дора Зу-кIорнис.
Хьуьнхахь дисина олхазарш а цхьа башха хетара цунна хIинца.
«ХIара хьуна тIехула хьийзарг а Къиг яц, цхьа йоккха Аьрзу ю, – ойла йора Зу-кIорнис. – Цкъа а ца гина-кх суна иштта доккха олхазар».
– ХIун деш лаьтта хьо? – хаьттира Зингато. – Ас мел доккха чемхалг дIатакхийна, хIара хIинца а лаьтташ ю!
– Новкъарло ма ехьа цунна, – элира Тарсало. – Ойла еш ю иза.
– Ойла еш, ойла еш, – дезадора Зингат. – Массо а ойла ян хIоьттича, кху хьуьнхахь хIун хир ду.
– Ойла йина ер ю, – элира Тарсало. – Новкъарло ма ехьа.
– Дерриге а ду шу малончаш, – элира Зингато. – Вовшийн гIо а ма чIогIа лоцу! – аьлла дIадахара и.
Шен дагахь Тарсална баркалла элира Зу-кIорнис, цаьршиннан къамел цхьа геннара схьахезаш хетара цунна, и шиъ мархаш тIехь, ша хIорда бухахь йолуш санна.
«Ма дика ю-кх и, – Тарсалан ойла йора Зу-кIорнис. – Хьалха цкъа а ган хIун ца гора те и суна?»
ЧайтаI еара.
– ТIаккха? – элира цо. – ХIун до вай?
Хьуьне а, гуне а, хил дехьа тIомаяьлла лелачу Къиге а хьоьжуш Iачу Зу-кIорнина ца лаьара я жоп дала а, я кхузара охьайосса а…
Ша кхуза кхачарх йоккхайина а ца йолуш, баркалле ойланаш йора цо.
Къастар: Гоч | Хьовсна: 240 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
avatar