Зорба » Зуьно марс бан муха хьийхира
11:31
Зуьно марс бан муха хьийхира
(Ног1ийн туьйра)
Хьалха заманахь адамаша а буц юуш хилла акхароша санна. Даим буц яа к1орда а дина, к1а дийна цара, амма и чу муха дерзор ду хууш ца хилла цхьанна а. Дерриге а адамаш а, акхарй а вовшах а кхетта, дагадуьйлуш хилла, ялта схьа муха гулдан деза бохуш.
– Зу ю хьекъале, цунна хаьа дерриге а, – аьлла цхьана воккхачу стага, – амма и вайна юкъахь яц. Ч1ог1а дегабааме ю и, цхьамма вас йинчух тера ду цунна. Оьг1азъяхча, ша-шега луьйш 1едал ду зуьнан. Х1инца къайлах цуьнга ладоьг1ча, хуур дар-кха вай дан дезарг.
Цициг дахана цуьнга ладо1а. Тебаш дахана, ладог1а х1оьттича, хезна зу луьйш:
– Ма сонта ду-кх и адамаш! Хала х1ума а ма дац, эчиган аса схьа а эцна, ц1инлучу беттасех и таръяллалц цу т1е ж1ов еттар. Т1аккха цу т1ехь цергаш йича, кийчча марс хир бу-кх!
И дешнаш дагахь а латтийна, адамашка д1адийцина цициго, ткъа цара маьрсаш а дина, ялта чудерзийна.
(П.П.)
Къастар: Гоч | Хьовсна: 1541 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar