Ненан мотт.
Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь.
"Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ"! -
Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.
Ладог1а цкъа соьга, "хьекъале корта",
Ладог1а,яккхи д1а лергара потт:
Йистйоцу х1орд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.
Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш,
Мостаг1че вистхуьлуш-ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!
Мерза бу, моз санна, ша безачунна,
Ламанан шовданал ц1ена бу и.
Лермантовс, Толстойс а ладег1на цуьнга,
Услара даггара хестийна и.
Б1ешараш хийла а ихна и бекаш,
Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу.
Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш
Даиман ша хилла нохчийн мотт бу.
Вайн халкъан ойланаш, дахар а г1ийла
Далхадеш, къийсамна г1иттина цо.
Нохчочун майралла,оьздалла хийла
Зевнечу иллешкахь екийна цо!
Кхидолчу къаьмнашна шайниш а санна,
Нохчашна шайн ненан мотт хьоме бу.
Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, - хьо цхьалха ву!